MediaWiki йина лерринаВикипедина немцойн студентоМанске Магнуса. Йуьхьанца лелайораPerl тӀехь йазйинаUseModWiki (кхин а йевза, «Фаза I» санна — «Phase I»). Цул тӀаьхьа2002 шеран25 январехь (иштта «Манске Магнусан де» цӀе йолу) керла верси («Фаза II» — «Phase II»)PHP лело йолайелира.
2009 шеран октябрь кхаччалц проектан коьртехь вараБрион Виббер, иза «Викимедиан» Фондера дӀаваьлча и дарж дӀалецира Старлинг Тима.Версийн урхаллин системин меттана программа йархоша лелайоgit. ГӀалаташ нисдархьама а, керла функционалалла кечйархьама а лелайоbugzilla.wikimedia.org адресца лаьттагӀалатийн ларлелоран системаBugzilla. Йерриг движокан лерина шаwww.mediawiki.org вики-проект йу (масех маттахь документаци йу цунна чохь). Движокан гочдаран локализацеш лелайо башхаTranslatewiki.net сайт тӀехь.
Цул тӀаьхьара, шорйина а, кхин тӀетоьхна а версино цхьаьна хенахь лелайора «Фаза III» («Phase III») цӀе, амма цул тӀаьхьа цӀе хийцира MediaWiki аьлла, хӀунда аьлча и ПКх лело таро хилира Википеди йоцуш, кхин проекташкахь а. «MediaWiki» цӀе — дешнийн бегаш, иза хьакхало «Викимедиа» цӀерах — Википеди кхоьллинчу кхолламах.
MедиаВикихь лерина башха прикладан программа хӀотторанинтерфейс, цуо латтадо базера нисса лакхара тӀегӀанан хаамашка.Авторизацина а, хаамаш схьэца а, хийцамаш дӀабахьийта а клиентийн программаша лело таро йуAPI. Википедица болх беш, нисса оцу интерфейс чухула болх бовеб-агӀон тӀераскрипташа. API кхача таро йу муьлххачу кепара, царна йукъахьfront-end и back-endпрограммин чухула а.
Ишттачу программийн масала дало мегар ду Pywikipedia библиотекин,Python маттахь wiki-бот кхоллархьама а, Википеди чура программин ахавтоматан хийцамаш бан лелайо AutoWikiBrowser.
API коьрта аьтту, клиентийн тӀетохар йазйина программин меттан башхалла ца хилар бу, хӀунда аьлча дерриг хеттарш кечдоHTTP протоколца, ткъа жоп ло программа кечйинчун аьтто болу форматехь:XML,сериализацин[8]PHP йаJSON. Иштта, масала,http://ru.wikipedia.org/w/api.php?action=query&list=recentchanges адресца хаттар дича, клиентийн интерфейсана тӀаьххьара 10 хийцаман исписка ло, JSON форматехь (HTML чохь форматировать йина) кхин тӀе хаамашца.