Movatterモバイル変換


[0]ホーム

URL:


Чулацаман тӀегӀо
Википедимаьрша энциклопеди
Лахар

Шотланди

56°39′ къ. ш. 4°12′ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шотланди
инг.  а,скот. аScotland
гэлийн.Alba
ирл.Albain
БайракхХӀост
БайракхХӀост
Девиз:«In My Defens God Me Defend - Со ларбарехь Дала ларбо со!»
Шотландин Гимн
Официалан моттингалсан,гэлийн,скотс
Коьрта гӀалаЭдинбург
Йаккхий гӀаланашГлазго,Эдинбург,Абердин,Данди
Урхаллин тайпаПарламентан монархи
Латта
 • Шадерг78 722[1] км²
 • %хина тӀехле3
Бахархой
 • Мах хадор5 438 000 стаг
ДЧС(номинал)
 • Берриг (2013)245 267 млн[2] долл.
 • ХӀораннан а сина45 904 долл.
Бахархойн цӀершшотланхо, шотландхой
АхчаСтерлингийн фунт (GBP)
Интернет-домен.scot
Телефонан код+44
Сахьтан асаUTC±0:00 (аьхка UTC+1:00)
  1. Scotland in short (инг.) (pdf). gov.scot (2003 шеран 17 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
  2. Economy Statistics (инг.). gov.scot. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
Викилармин логотипВикиларми чохь медиафайлаш
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажаШотланди (маьӀнаш).

Шотла́нди (инг.  а,скот. аScotland,гэлийн.Alba) —Йоккха Британинавтономин административан-политикин дакъа долумохк[1][2][3].

ДӀалоцуЙоккха Британи гӀайренан къилбаседа дакъа, латта тӀехула доза дуИнгалсца. Кхечу агӀонашкахьАтлантикин Ӏапказан хӀордаш ду:Къилбаседа хӀорд малхбалехь,Къилбаседа хидоькъе а,Ирландин хӀорд а малхбузехь а, къилба-малхбузехь а. Британин гӀайрен тӀиера коьрта мохк боцуш, Шотландин иштта ду 790 гергга жима гӀайренаш, дукха дерш тӀехь стаг а воцуш[4].

Эдинбург — Шотландинкоьрта гӀала а, барамца мехкан шолгӀа гӀала а йуГлазгон тӀаьхьа. XVIII бӀешарахь Эдинбургах хилираШотландин Ӏилманан йукъ, цуо Шотландин ладаме коммерцин а, Ӏилманан а, промышленностан аЕвропин регион хила таро йира.Глазго — уггаре йоккха мехкан гӀала йу, цхьана хенахь йара дуьненан промышленностан гӀаланех хьалха[5]. Шотландин ду Атлантикин Ӏапказан хин дакъа, масала, Къилбаседа хӀордах, цунна чохь йаккхий мехкдаьттан меттигаш йу. Барамца мехкан кхоалгӀа гӀала йу,Абердин,Европин мехкдаьттан а, энергетикан а коьрта гӀалацӀе лелайо[6].

Шотландин паччахьалла — маьрша пачхьалкх хилла 854 - 1707 шерашкахь. 1603 шарахьСтюартгӀеран некъех волу Шотландин паччахьЯков VI-гӀаИнгалсан а,Ирландин а дуьххьара паччахь хилира. 1706 шарахь Шотландин а, Ингалсан а йукъахь «Униях барт» кӀела куьг таӀийра, ткъа 1707-гӀа шарахь шинне а мехкан парламенташа ратификации йира «Униях актан», цуо кхоьллираЙоккха Британин паччахьалла[7][8], цул тӀаьхьаШотландин парламент дӀасахийцира, ткъа марталлин парламент болх бан йолаелираВестминстерехь.


Шотландин бакъонан системаИнгалсан а, Уэльсан а,Къилбаседа Ирландин системех маьрша йисира, иштта, махкахь лелайо шайн долара а, публикан а юакъо[9]. 1997 шеран референдумал тӀаьхьа, 1998 шарахь хиллаШотландин акто 1999 шарахь меттахӀоттийра Шотландин парламент. 2014 шеран 18 сентябрехь махкахь дӀайаьхьнаШотландин маршонан референдум, цуьнан жамӀашца кхаж тесначарех 55,3 % лаам гайтира Йоккха Британин йукъахь йиса[10]. 2016 шеран 23 июнехьЕвропин барт йукъара арадовларх референдумал тӀаьхьа, цигахь 62 % Шотландин бахархоша кхаж тесира мохкЕБ йукъара арабаларан дуьхьала (38 % реза бара),Шотландин правительствос[en] сацам бира, шен йозаш йоцу арахьара политика лелор,Европин барт йукъахь дакъа а долуш[11][12].

ЦӀеран этимологи

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Шотландин цӀе

Шотланди дош даьлла латинан дешахScoti, цуо билгала бохурагэлаш. ТӀаьхьарчулатинехьScotia («Гэлийн латта») цӀарца кхетайора Ирланди. XI бӀешарахь оцу дешан кхетам бара ШотландинФорт эркан къилбаседехьара дакъа[13]. ХӀинцалера мехкан латтахТӀаьхьарчу БӀешерашкахь ала долийраScotland, ткъа цигахь дехачу адамех, —Scots[7].

Истори

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Шотландин истори

Шира истори

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Исторел хьалхара Шотланди

Шотландехь дуьххьарлера адамаш 13 эзар шо хьалха,ТӀаьххьара шен мур чекхбаьллачул тӀаьхьа, гучудевлла хилар тардолийта Ӏилманчаша[14]. Дуьххьарлера гӀишлош йина 9 500 шо гергга хьалха, ткъа гуттара беха бахархой — 6 эзар шо хьалха. Царех йунеолита муьрера дика лаьттина цхьа эвла —Оркнейн гӀайренаш тӀиераСкара-Брей. Оцу муьран кхин иэсаш хаалоАрахьара Гебридийн а,Шетландин а гӀайренаш тӀаьхь, иза кхетадо кӀезиг ораматаш а хилла, шайн хӀусамаш тӀулгех йан йезарца[15].

Руман Ӏаткъам

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Шотландинйозан истори йолалоРумо Британи йаккхарца. Йаьккхинчул тӀаьхьа царна руман провинций статус йелира, ала долийраБритани, иза бара хӀинцалераИнгалсан а,Уэльсан а мохк. Къилба Шотландин дакъа кӀеззиг йолчу хенан карадахара Руман дуьххьала дӀа йоцучу тергонан. Къилбаседехьа лаьттара Румо даханза латтанаш, — пиктийн а,гэлийн а тайпанаш дехаКаледони. Руман историкоТацита дийцарехь,каледонхоша йолийра «йоккха масштабан тӀеман дуьхьало», румхойнлегионашна тӀелеташ. Цхьаьна буьйсана тӀелетта хӀаллакйираIX Испанин легион, йерриг хӀаллакйарх кӀелхьара йаьккхира изаГней Юлий Агриколан дошлой тӀелатаро[16].

Вайн эран 83—84 шерашкахь Агриколас иэшийра каледонхойГраупийн лаьмнашкара тӀамехь. Тацита дийцарехь, тӀом болалуш каледонхойн тхьамдаКалгак вистхилира шен тӀемлошка, цуо царех «лайн буржолаш цадевза нах» элира[17]. толам баьккхинчул тӀаьхьа румхоша йираГаск-Ридж фортийн цхьа аса, амма кхо шо даьлчи юхабевлираКъилба-Шотландин акъарин тӀе[18].

Британин мохк ларбархьама, 122—126 шерашкахь румхошаАдрианан вал бира[19], цунах Империн къилбаседа доза хилира. ТӀаьхьа, 144—146 шерашкахь кхин а къилбаседехьа,Йуккъерашотландин аренахь бираАнтонинан вал, иза битира императоранСептимий Северан омарца 208 шарахь[19].

Шотландин доккхаха долу дакъа руман куьйгакӀелахь 40 шарахь бен ца лаьттинехь а, цуо ладаме Ӏаткъам бира тӀехьвотадинаш а,дамнонеш а беха мехкан къилба декъана. ВаллийхойнYr Hen Ogledd (Шира Къилбаседа) цӀе лелайора, румхой дӀабаханчул тӀаьхьа, Къилбаседа Ингалсан а, Къилба Шотландин а мехкашкахь кхоллаелла паччахьаллаш билгалйохуш[19]. IX а, X а бӀешерийн тептаршца, IX бӀешо кхочуш Малхбуза Шотландин махкахь кхоьллира гэлийн паччахьаллаДал Риада[20][21].

Йуккъера бӀешераш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззамаш:Йуккъера бӀешерийн Шотланди,Шотланди Лакхарчу БӀешерашкахь,Шотландин историн областаш,ГӀайренийн паччахьалла

Пиктийн паччахьаллашна йукъахь уггаре йоккханиг йараФортриу, иза йевзараAlba йаScotland цӀарца. Пикташ масийттаза кхечира уггаре лакхарчу кхиаме:Бруде III-гӀачун (671—693) урхаллехьНехтансмерера тӀом чекхбаьлча а,Энгус I-чун урхаллехь а[22].

Шотландин паччахьалла кхоьллина шо лору843,скоттийн а, пиктийн а цхьаьнатоьхна паччахьаллин паччахьКеннет Макальпин хиллачул тӀаьхьа.

ТӀаьхьарчу бӀешерашкахьШотландин паччахьалла шоръелира хӀинцалерачу Шотландин дозанашка кхаччалц.Давид I-чун урхаллехь Шотланди хилирафеодалийн паччахьалла, цунна чохь урхаллин хийцамаш бира, йукъайаьккхирабургийн система.

Оцу муьрехь мехкан латта тӀе кхелха французийн а, ингалс-французийн рыцарш а, килсан гӀуллакххой а. Иза бахьнехь паччахьаллин малхбален а, къилба-малхбален а мехкаш ингалс мотт буьйцуш хилира, ткъа бисина махко буьйцура гэлийн мотт, ткъа Оркнейн а, Шетландин а гӀайренаш буьйцура норвегийн мотт, Норвегийн паччахьаллин куьйга кӀела йисира 1468 шо кхаччалц[23][24]. XII а, XIV а бӀешерашна йукъахь Шотландехь хӀутту дикка паргӀата мур, оцу хенахь хилира машаре йукъаметтигаш Ингалсца, кхиира континентца йохк-эцаран йукъаметтигаш, ткъа цхьаболу Ӏилманчийн, масала,Иоанн Дунс Скот санна болчеран, боккха Ӏаткъам бара мехкал генна арахьа.

ГӀап-гӀала Стерлинг

XIII бӀешо Шотландин ладаме зиеделларг хилира. 1286 шарахь паччахьАлександр III-гӀа веллачул тӀаьхьа ца бисира когаметта болу божарий, цундела паччахь-аьзни кхайкхийраМаргарет, Норвегин паччахьехьЭрик II-гӀачунгахь марехь йолу Александр III-гӀачун йоьӀан йоӀ. Ингалсан паччахьЭдуард I-ра гӀоьртира Шотланди юха а куьйга кӀела лаца, цуо йийхира паччахь-аьзни Маргарет шен паччахь хин волчу кӀантанаЭдуард II-гӀачун, иза жима йоллушехь. Амма Маргаретан ловзар а, тажтиллар а ца хилира, новкъахь иза шелон лазар кхетта, шотландин латта тӀе кхачале йелира Оркнейн гӀайренаш тӀехь.

Уллера гергара когаметтаберш дӀабевлира, 1290 шарахь Ӏарше кхача лаам дӀахаийтира масех кандидата, царна йукъахь Давид Хантингдонан йоккхаха йолчу йоьӀан кӀант Иоанн Баллиол а (паччахьийн Малькольм IV-гӀачун а, Вильгельм I Лоьман а ваша), Давидан йуккъерачу йоьӀан кӀантРоберт Брюс, 5-й лорд Аннандейла а. Луучех цхьаъ вара ша Эдуард I-ра а, иза вараМатильда Шотландин тӀаьхьенах. Амма ингалсан паччахьо ша харжаран мах лахара буй хууш, «Боккха Къовсаман» суьдан коьрте хӀоьттира, дов листархьама. 1292 шарахь Эдуард I-чо сацам бира Иоанн Баллиолехьа, 1292 шеран 30 ноябрехь Иоанна Шотландин паччахьан тажтиллира. Шен гӀолацарна баркалла олушИоанн I Баллиола къобал йира Ингалсансюзеренитет[25].

Тажтиллин йолушехь, Иоаннан Ӏаршан бакъо къобал ца йираБрюс, Роберт, Аннандейлан 5-гӀа лорд коьртехь волу шотландин баронийн цхьаьна декъо. Ткъа Эдуард I волавелира Шотландица йукъаметтигаш лело иза шайн куьйга кӀелара мохк болуш санна, Иоаннан дийзийтира ингалсан суьдашкахь жоп дала шотландийн доьвнаш луьстуш, хӀиттайора шотландийн гӀопашкахь ингалсан гарнизонаш. Ингалсан Ӏаткъам лагӀбар Ӏалашо йолуш Иоанн Баллиола 1295 шарахь карлабаьккхираШира барт олуш болуФранцица а,Норвегица барт, тӀаккха виллина дуьхьалавелира Эдуард I-чун[25].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
  1. http://bse.sci-lib.com/article124364.html Большая советская энциклопедия
  2. WebCite query result (инг.). www.webcitation.org. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 3 апрель.
  3. WebCite query result (инг.). www.webcitation.org. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 3 апрель.
  4. Цитатийн гӀалат:<ref> тег нийса йац; кхуshort тIетовжаран текст йазйина йац
  5. A Quick Guide to Glasgow (инг.). glasgowcitycentre.co.uk. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.Архивйина 2014-12-03 —Wayback Machine
  6. Welcome to Aberdeen (бил-боцу.). scottishaccommodationindex.com. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
  7. 12Keay, John,Keay, July. Collins encyclopaedia of Scotland. — London: HarperCollins, 1994. — 1046 с. —ISBN 0002550822.
  8. Mackie, J.D. A history of Scotland. — Baltimore: Penguin Books, 1964. — 406 с.
  9. J.G. Collier. Conflict of Laws (инг.) (pdf). Cambridge University Press. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
  10. In maps: How close was the Scottish referendum vote? (инг.). bbc.com. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
  11. Шотландия собирается провести референдум о независимости - BBC Русская служба  (оьрс.). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 25 июль.
  12. MSPs give Nicola Sturgeon mandate to hold direct EU talks (бил-боцу.). www.scotsman.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 25 июль.
  13. Ayto, John,Crofton, Ian. Brewer's Britain & Ireland: The History, Culture, Folklore and Etymology of 7500 Places in These Islands.. — London: Weidenfeld & Nicolson, 2005. — 1326 с. —ISBN 030435385X.
  14. Moffat, Allistair. Before Scotland : the story of Scotland before history. — London: Thames & Hudson, 2005. — 352 с. —ISBN 050005133X.
  15. Pryor, Francis. Britain B.C. : life in Britain and Ireland before the Romans. — London: Harper Perennial, 2004. — 488 с. —ISBN 000712693X.
  16. The Romans in Scotland (инг.). bbc.co.uk. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
  17. Публий Корнелий Тацит. Жизнеописание Юлия Агриколы / Утченко, С.Л.. — М: Ладомир, 1993. — Т. I. —ISBN 5-86218-024-9, 5-86218-021-4.
  18. Edwards, Kevin,Ralston, Ian. Scotland after the Ice Age : an environmental and archaeological history, 8000 BC - AD 1000. — Edinburgh: Edinburgh University Press, 2003. — 336 с. —ISBN 0748617361.
  19. 123Snyder, Christopher A. The Britons. — Malden: Buckwell Publishing, 2003. — 331 с. —ISBN 063122260X.
  20. Dalriada: The Land of the First Scots (инг.). bbc.co.uk. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
  21. Scot Ancient people (инг.). britannica.com. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
  22. Brown, Michelle,Ann Farr, Carol. Mercia : an Anglo-Saxon kingdom in Europe. — London ; New York: Continuum, 2003. — 386 с. —ISBN 0826477658.
  23. Whiters, Charles W.J. Gaelic in Scotland, 1698-1981 : the geographical history of a language. — Edinburgh: John Donald, 1984. — С. 16—41. — 352 с. —ISBN 0859760979.
  24. Barrow, Geoffrey W.S. Robert Bruce and the community of the realm of Scotland. — Edinburgh: Edinburgh University Press, 1988. — 421 с. —ISBN 0852246048.
  25. 12Scotland Conquered, 1174-1296 (инг.). nationalarchives.gov.uk. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 декабрь.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?:
 ХӀокху кепе хьажар  Викихаамашкара элементе хьажа
  Тематикийн сайташ
Дошамаш а, энциклопедеш а
Библиографин каталогашкахь
Хьост — «https://ce.wikipedia.org/w/index.php?title=Шотланди&oldid=11109858»
Категореш:
Къайлаха йолу категореш:

[8]ページ先頭

©2009-2025 Movatter.jp