Movatterモバイル変換


[0]ホーム

URL:


Чулацаман тӀегӀо
Википедимаьрша энциклопеди
Лахар

Шовинизм

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Шовинизм[1] (фр. chauvinisme) — тӀех патриотизм тӀаккха тӀехнационализм хиларна билгало ю иза. Шен мохк боцург кхи хӀумма а ца гуш. Шен къомах бац а бохуш кхечу къомах болу нахана инкарло йан кийча хилари сов, цаьрна тӀаьхь ницкъ бан, тӀаккха Ӏазап латто лууш волу стагах олу шовинист.

Дуьххьарлера французийн импери йолчу хенахь(1804—1814) и дош схьадаьлла «Nicolas Chauvin» цӀарх.Французийн армин (фр. La Grande Armée) салташа дуьйцуш долу дийцаран чуьра, иллешкахь вуьйцуш, турпал хилла иза. Ша валарна са а ца гатдеш, шен мехкан дуьхьа мостагӀна ницкъ беш хилла. Цунна шен яхь дӀацалуш, буьрса тӀемало хилла бохуш, вуьйцу иза оцу дийцаран чохь.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
  1. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 705
Хьост — «https://ce.wikipedia.org/w/index.php?title=Шовинизм&oldid=5524070»
Категореш:

[8]ページ先頭

©2009-2025 Movatter.jp