ОвхӀан ,АфгӀанистан (пушту افغانستان ,дари افغانستان , Afġānestān), йуьззина официалан цӀе —Исламан Iамират ОвхӀан [ 2] (пушту د افغانستان اسلامي جمهوریت ,дари جمهوری اسلامی افغانستان ) —Йуккъера Малхбалера пачхьалкх йу, пачхьалкхан хӀордан йист йац. ОвхӀан къен пачхьалкхех цхьаъ йу.1978 шарахь дуьйначуьра тӀом бу дӀабоьдуш. Бахархой,2013 шеран дӀайазбаран жамӀашца, 31 миллион стаг ву, майда — 652 864 км².
Коьрта гӀала —Къабул . Пачхьалкхан меттанаш —пушту а,дари а.
Унитаран пачхьалкх ,президентан республика .2014 шеран 29 сентябряхьпрезидентан дарж дӀалаьцнаАхьмадзай Ашраф ГӀанис .
Доза дуИранца малхбузехь,Пакистанца — къилбехь а, малхбалехь а,Туркменица ,Узбекистанца ,Таджикистанца — къилбаседехь,Цийца —уггар а малхбален декъехь ,ХӀиндица (нийса аьлчи ХӀиндис, Цийс, Пакистана къуьйсуш йолуДжамму а, Кашмир а ) малхбалехь.
ОвхӀан йуМалхбалений ,Малхбузений йуккъахь, иза йу ширайохк-эцаран а,миграцин а йукъ.Къилба а,Йуккъера а Азин йуккъехь лаьтта цхьана агӀора,Гергара Малхбален вукха агӀора, оцуо аьтту боккха экономикин а, политикин а, оьздангаллин а регионан пачхьалкхашна йукъара гергарлонаш лелоран коьрта роль ловзо.
«АфхӀан» гӀажарий дош ду, гочдича «вистцахилар» йа «дистцахилар» хуьлу; тюркийн меттанашкахь Ауган (Афган) гочдо «дӀавахана», «къайлаваьлла» олий. Иза йоккхуш йолуарахьара къоман цӀе йу. Иштта цӀераш тохкуш хилла шайн лулара къаьмнашна хьалха, царна шайн мотт ца хуу дера. Иза иштта шолгӀа цӀе а йупуштунийн — пачхьаьлкхера уггар а йоккха этнически тобан. Боккъал а ОвхӀанийн мохк тӀекхача хала бу, цхьацца бахьнашца лаьмнашка дӀабахна йа дӀакхелхина долчу цигара къаьмнашна аьтту болуш а бу, иза бахьанехь тайп-тайпанчу Йуккъерачу Азин даккхархойх шайн мохк паргӀата а битина.
«ОвхӀанаш» боху термин къоман цӀе санна лелош йу, лаххара а, исламан мур болабаллалц. Цхьа могӀа Ӏилманчаша дийцарехь, исторехь «овхӀанийн» боху дош хаало дуьххьара982 шарахь ; оцу хенахь и цӀе йаккхара малхбуза дозанехь ХӀинд хица дехачу овхӀанийн тайп-тайпана къаьмнийн[ 6] .
1333 шарахь Къабуле ваханчу мароккийн некъахочоИбн Баттута йаздо:
«Тхо кхирстира Къабулехула, хьалха йоккха хилла йолчу, оцу меттехь хӀинца деха гӀажарийн тайпа, шайха овхӀанхой олуш долу».
«Иранике энциклопедехь»[ 7] дуьйцу:Этнологин агӀора, гӀажарийн маттахь «овхӀан» боху терминах пуштунаш олу. И термин йаьржаш йу тӀехь-тӀехьа ОвхӀанан арахьа, хӀунда аьлчи пуштунийн тайпанийн уьйр тахана уггар а лараме йу оцу пачхьалкхехь, шен барамца а, политикин агӀо а.
Цул сов, цуо билгалдоккху:И этнически тоба «Avagānā» цӀарца дуьххьара хьахийнахӀиндера астронома Varāha Mihira VI-гӀа бӀешо долалуш бинчу «Brihat-samhita» балхехь.
И хаам тӀечӀагӀбеш бу пуштунийн литературехь, масала, XVII-гӀа бӀешеранпуштунийн маттахь йаздеш хиллачу назманчин Хаттак Хушаль-ханан белхашкахь[ 8] :
Ӏарбашна хаа иза, иза хаа румахошна: овхӀанаш пуштунаш бу, пуштунаш овхӀанаш бу!
«ОвхӀан» термин хьахийна шен дагалецамашкахьБабур императораXVI бӀешарахь : оцу хенахь цу дашо билгалдохураКъабулан къилбехьа долу латтанаш, цигахь бехаш дукхаха берш пуштунаш а бу[ 9] .
Иштта, 1808 шарахь ОвхӀанехь британийн дипломатийн мисси коьртехь хиллачу сэрЭлфинстон Монстюарта , шен жайнехь «Account of the Kingdom of Cabul and its Dependencies in Persia and India» йаздора, шеш овхӀанаш тешаБану Исраилан тайпанах хиларх, шайн йуьхьигЮсупан кхоалгӀачу кӀантах ОвхӀанах йолайаларх. Циггахь Эльфинстона йаздо и теори бакъ ца хилар а, цуьнан делил ца хилар а.
XIX бӀешарахь и цӀе лелайора деккъа пуштунийн латтанаша, ткъа оццу хенахь пачхьалкх йевзаш йараКъабулан пачхьалкх цӀарах[ 10] . Пачхьалкхан кхечу дакъошкахь историн цхьацца муьрашкахь йара йозуш йоцу пачхьалкхаш, масала, ХVIII бӀешо чекхдолуш XIX бӀешо долалуш хилла йолу Балхе Пачхьалкх[ 11] .
ТӀаьххьара, пачхьалкхан Ӏедал шордина, цхьана карадерзийна даьлчи, овхӀанийн куьйгалхоша тӀеийцира «ОвхӀанистан» шайн пачхьалкхана. «ОвхӀанистан» шайолу пачхьалкхан цӀе санна хьахийна1857 шарахь Энгельс Фридриха [ 12] , цунах официальни цӀе хилира,1919 шарахь Йоккхабританех паргӀатйаьллачул тӀехьа пачхьалкх дуьненан йукъараллаша къобалйича, и цӀе чӀагӀйира1923 шеран ОвхӀанийн Конституци тӀехь[ 13] .
ОвхӀанан рельеф ОвхӀан лаьттаГӀажарийн лам-акъарин къилбаседа-малхбален декъа тӀехь. Алсама долу мехкан дакъалаьмнаш ду, царна йукъахь йолуатагӀаш а йу[ 14] .
Маьхкан къилбехьа йуБактрийн аре , оцуна тӀехь лаьтта гӀум-сазлаьттах йолу гӀум-аре, изаКхаракумийн чеккхе йу. Къилбехьа а, малхбалехьа цунна гуо бина лаьмнийн системаш:Паропамиз , шин рогӀах лаьтташ йолу — Сафедкох (=КӀайн лаьмнаш), Сиахкох (=Ӏаьржа лаьмнаш), кхин аГиндукуш .
Къилбехьа ду ЙуккъераовхӀан лаьмнаш а, Газни-Кандагаран чӀаплам а. Малхбузехь, Иранан дозанца, лаьтта акъариНаомид (=бӀарздаларан гӀум-аре) а,Систан кӀаг а. Йисттера къилбе дӀалоцу Гауди-Зира кӀагго, сазлаьттан-тӀоьнан гӀум-ареноДашти-Маргос (=валаран гӀум-аре), Гармсер а, Регистан а гӀум-аренаш.
Гиндукушан малхбузехьа лаьтта3000-4000 м локхалла йолу лам-акъариХазараджат .Пакистанан дозанца бу пачхьалкхан уггар лекха ламНошак , шен локхалла 7492 м а йолуш болу.
Галерей Ломан пейзаж
ОвхӀанан ландшафт
Мехкан къилба-малхбузе
Мехкан малхбале
ОвхӀанехь субтропикийн континентан климат йу, Ӏа шила ду, ткъа аьхке екъий, йовхий йу. Температуран а, йочанийн а йуккъера барам хийцало локхалле хьаьжна: Ӏай +8 тӀиера −20 °C тӀе а, кхин лахара а, аьхка +32 тӀиера 0 °C тӀе кхаччалц. ГӀум аренашкахь 40-50 мм йочанаш хуьлу шарахь, ткъа чӀаплаьмнашкахь — 200—250 мм,Гиндукушан мох кхета басешкахь 400—600 мм, ОвхӀанан къилба-малхбалехь,ХӀиндин океанан тӀиерамуссонаш кхочучахь, 800 мм гергга. Максимумйочанаш хуьлуӀай а,бӀаьста а. 3,000-5,000 м лакхахь лайн чкъор лаьтта 6-8 баттахь, кхин а лакхахь —шалаьмнаш ду.
Кунар ОвхӀан дукхахберг Альпийн-Гималайнлелачу асан тӀехь бу,Туранан платформан къилбан дозанехь йолуБактрийн аре йоцург.
Охьадоьду хиш,ХӀинд хих кхеташ долуКъабул доцург, хӀордах ца кхета. Уггар доккханиг царех мехкан къилба дозанца охьадоьдуАмударья ду, хи дуьллуш дӀасадоккхушГерируд а,Гильменд а ду. УьшФарахруд ,Хашруд ,Харутруд хишца кхетаСистан кӀаг чу, цу чохь кхуллуХамун цӀе йолу цхьа тоба теза хин Ӏаьмнаш. Охьадоьду хиш схьадовлу шалаьмнашкара. Аренан хиш бӀаьста деста, ткъа аьхка лекъа. Ломан хишца алссама гидроэнергоницкъ бу. Дукхаха йолу кӀошташкахь шайн хьашташна а, латтан хи дилла а лаьттан бухара хиш бен дац.
ОхӀанан лаьттан кийра пайден маьӀданех буьззина бу, амма уьш доху меттигаш тайар ледара ду, тӀекхача халчу ломан кӀошташкахь хиларна.
ТӀулган кӀора а,мехала металлаш а, бериллий маьӀда а, саьнгал а, туьха а, шагатӀулг а, лазурит а, барит а, целестин а ду лаьттан кийрахь. Йолуш йу маьхкдаьтта, Ӏаламан газ, гипс доллу меттигаш. ТелланацӀестан ,эчиган ,марганцан маьӀданаш.
Къабул уллора Айнак олу цӀаста доллу меттиг лору Евразехь уггар а йоккха (тӀаьхьалона 240 млн т. гергга маьӀда ду шеца 2,3 % цӀаста а долуш (мах хадийна 2006 ш.), Къабулана гена йоцуш йу эчиган маьӀда доллу меттиг Хьаджигек (тӀаьхьалона 428 млн т. гергга маьӀда ду шеца 62-68 % эчиг а долуш), иза лору уггар а йоккху къилбаазин регионехь[ 15] .
Дуккха а бӀешерашкахь ОвхӀанПерсин империн малхбален дакъа хилла. Оцу хенахь дуьйна иза гӀажарийн оьздангаллин декъахь йу ОвхӀан шира историн пачхьалкх йу. Дуьххьара нах ОвхӀан махка охьахевшина, лаххара а 5000 шо хьалха. Дуьненахь хьалхачарех йартийн йукъараллаш оцу регионехь йара[ 16] [ 17] [тешам боцу хьост? ] .
Ӏилманчашна хетарехь, гӀажараш лелош долуцӀеран дин (зороастризм) , кхолладелла ОвхӀан махкахь 1800—800 шерашкахь вайн эрал хьалха, ткъаЗаратуштра ваха а ваьхна, вала а велаБалхахь [ 18] [ 19] . Ширачу малхбалерчугӀажарийн меттанашкахь , масала, авестийн маттахь, къамел дора оцу регионехь зороастризм тоеллачу хенахь. VI бӀешерашна йуккъахь вайн эрал хьалха,Ахеменидаш йукъбалийра ОвхӀан шайнПерсин империна .
Ахеменидийн импери 330 шарахь вайн эрал хьалха йуьйжираМакедонийн Искандаран ницкъаца, ткъа ОвхӀан цуьнан империн йукъа йагӀара. Македонийн Искандаран импери йоьханчул тӀехьа ОвхӀан оцу регионехь вайн эрал хьаха 305 шо кхаччалц доладеш хиллаболуСелевкидийн пачхьалкъан дакъа хилира.Буддизм дин коьрте деара оцу регионехь.
Грекийн-бактрийн пачхьалкх шен уггар а таеллачу муьрехь Цул тӀехьа регионГрекийн-бактрийн пачхьалкхан дакъа хилира. ХӀиндийн-грекаш бохийраскифаш , ОвхӀан махкара лаьхкира вайн эрал хьалха II-гӀа бӀешераш чекхдовлуш.Грекийн-бактрийн пачхьалкх лаьттира вайн эрал хьалха 125 ш. кхаччалц[хьост? ] .
I бӀешарахь Парфянийн империино караберзийра ОвхӀан. II бӀешерашна йуккъахь а, чекхдовлуш аКушанийн импери центр ОвхӀан махкахь а йолуш, буддийн оьздангаллин тӀехоьттира. Кушанаш бохийраСасанидаш III бӀешарахь[ 20] . Цхьаболчу куьйгалхоша шайх кушанаш олура (ткъа махаъара, Сасанидаш куьйгалла дира, лаххара а, оцу регионан декъан[ 21] ). ТӀаьххьара а, кушанаш халлакбирагуннаша , церан меттиг, шайн рогӀехь, дӀалецираэфталиташ , V бӀешеран хьалхпарчу декъехь оцу регионехь шайн пачхьалкх коьллина болчу[ 22] .Эфталиташ бохийраТюркийн каганатан эскарша 557 шарахь. Амма, эфталиташан а, кушанийн а тӀехьешна аьтту белира жима пачхьалкхКъабулистан кхолла, тӀехьуоСаффаридийн бусулба куьйгалхоша схьабаьккхира мохк, цул тӀехьаСаманидийн а,Газневидийн пачхьалкхашна йукъах хилира иза.
Оцу муьрехь ОвхӀан мехкан йуккъехь Бамианийн тогӀена чохь кхоьллира буддийн килсийн комплексан йукъайогӀуБуддин Бамианийн жӀараш , церан хан 6 бӀешо йу, уьшхӀиндийн исбаьхьалла Гандхара йукъара йу, ткъа бахархоша буьйцураГандхарийн (мотт) , иза хӀиндийн меттанДеванагарин цхьа кеп йу.
ОвхӀан750 шарахь — Ӏаьрбийн Халифатан малхбален дакъа. бӀешарахь малхбуза ОвхӀанӀаьрбаша схьабаьккхана , чу шайн оьздангалла а,ислам дин а деана. Амма ислам чагӀбӀешарахь бен ца делла, регионСаманидийн импери йукъа йагӀча[ 23] .
бӀешарахь махкаЙуккъера Азера баьхкирапрототюркаш (тюркийн дай). ОвхӀан махкахь кхоллаелираГазневидийн импери (коьрта шахьарГазни ), шена йукъахьИранан , Йуккъера Азин,ХӀиндин дакъош долуш. Тодала дуьйлира Ӏилма а, оьздангалла а[ 23] .
XII бӀешарахь чӀагӀъелира, шайн Ӏедал кӀелахь ОвхӀан а, лулара лаьттанаш а вовшахтоьхна, меттигера овхӀанан династиГуридаш .бӀешераш долалуш Гуридийн пачхьалкх къарйираХорезмо .
XIII бӀешарахь регионан тӀелетираЧингисханан монголийн бӀо[ 23] . ОвхӀан йукъабахара Монголийн империн, оцу махкахь лаьттираКуртийн династин монголийн кӀелара пачхьалкх. ОвхӀанХулагуидийн пачхьалкх а,Чагатайн улус а олучу монголийн шина улусан дозанехь бара. XIV бӀешеран шолгӀа декъехь ОвхӀанАстагӀа Тимаран империн йукъахь йара, ткъа иза велча кхузахь куьйгаллехь бара цуьнан тӀаьхьенаш, царех гӀараваьлларгмоголийн Сийлахь Импери кхоьллина волу Къабулан эмирБабур ву.
XVI —бӀешерашкахь ОвхӀан къийсираСефевидийн Ирано а, ХӀиндерамоголийн Сийлахь Империно а.
XVIII бӀешарахь ОвхӀанан мохк туркойнСефевидийн Персийн импери йукъахь хилла. Перси гӀелъелча, масех гӀаттам а бича овхӀанийн кхолла аьтту белирацхьа могӀа элийн мехкаш — Кандагарийн а, Гератийн а. Кандагарийн элийн мохк бараМир Вайсас кхоьллина пуштунийнХотаки династин Ӏедал кӀелахь.шарахь овхӀанийн эскарш тӀелетира Сефевидана, кхин тӀе церан коьрта шахьарИсфахан схьа а йаьккхира, амма тӀаьхьа иэшам хилираНадир-шахера .
Надир-шаха шен Ӏедал даржийра ОвхӀан махкахь, амма цуьнан Ӏедал гӀийла хилира, иза веллачул тӀаьхьашарахь Сефевидийн импери йуьйхира.
Дурранийн импери ша тоеллачу хенахь Дурранийн импери коьллинаКандагарехь 1747 шарахь тӀеман баьччоАхьмад-шаха Дурранис . Иза йара дуьххьарлера шаболу овхӀанийн мехкаш вовшех тоьхна коьллина овхӀанийн пачхьалкх. Амма цул тӀаьха цуьнан болх дӀакхоьхьучара импери йохийна масех пачхьалкх кхоьллира — Пешаварийн, Къабулан, Кандагаран, Гератан.
ОвхӀан XIX бӀешераш чекхдовлуш. ШенЕвразин йуккъахь стратегин латтар бахьанехь, ОвхӀан махках къийсаман арие хуьлу оцу хенан шина онда пачхьалкхашнаБританийн ,Российн имперешна йукъахь. Оцу къийсамна цӀе йелира «Доккха ловзар ». Ӏалашо ОвхӀан мехкан доладар йолуш, Британийн империно цхьа могӀа тӀемаш бира, амма, тӀаьххьара а,1919 шеран 19 августехь ОвхӀан бозуш цахиларх дери дан дийзира.
Аманулла паччахь Берлине зерат дар. Оцу зерато долийра ОвхӀанан а, Германан а стратегин накъосталла Дипломатин гергарло дуРоссийн Федерацийца (гергарло хоьттинаРСФСРца 1919 шарахь — ОвхӀан пачхьаллла йараРСФСР йозаш цахиларах дери дина хьалхара пачхьалкх).
1973 шеран 17 июлехь ОвхӀанехь нуьцкъала Ӏедал хийцира.Монархи дӀайаьккхира, пачхьалкхехьреспублика кхайкхийра. И мур исторехь цхьанаэшшара бацара. ПрезидентМухьаммад Дауд гӀиртара реформашца пачхьалкх тойан, амма иза цуьнга кхочуш ца дан делира.
1978 шеран апрелехь махкахь йолаелира революци. ПрезидентМухьаммад Дауд шен доьзалца вийра, ткъа Ӏедале еара коммунистийнОвхӀанан Халкъан-демократийн парти (ОХДП).
Аминан гӀала советийн КТУн леррина эскар тӀелеттачул тӀехьа 1978 шеран апрелехь, Саурин (Апрелан) революцино кхайкхина ОвхӀанийн Демократин Республика. Пачхьалкхан корта хоьттираНур Мухьаммад Тараки , ткъа Революцин кхеташонан председатель —Хьафизулла Амин . Правительствос болийра хийцамаш, масала,секуляризаци , оцуо чӀогӀа карзаха ехира овхӀанин йукъараллаш.Пачхьалкхехь болабелирачоьхьара тӀом . КуьйгаллераОХДП парти 1967 шарахь дуьйна йекъалора шина фракцина —Халкъ а,Парчам а.Нур Мухьаммад Тараки , Халкъ фракцин корта, къайлаха вийра шайн фракцин декъашхочо, иза,Амин Хьафизулла пачхьалкхан корта хоьттира.ССРС Амин тешаме стаг цахийтира, мичча хенахь а Малхбузехьа верза там болуш вара иза.
Цуьндела советийн куьйгалхоша барт бира Амин дӀаваккха, коммунистийн правительство мостагӀашца ларайалийта ОвхӀане эскар а дагӀийтара.ЖамӀ, ССРС йукъагӀоьртира, хӀинца боьдуш болчу, чоьхьарчу тӀаман. АЦШ официалан позици: ССРС ОвхӀанан тӀе а летта иза дӀалаьцна.Президентан гӀалин советийн леррина эскар тӀелеташ Амин вийначул тӀехьа, Революцин кхеташонан председателан дарж дӀалецира Парчам фракцин коьртоКармаль Бабрака .
Советийн эскаршца тӀом буораовхӀанийн муджахидаш . Цхьана хенахь царна гӀо дора финансашца а, герзашца а (дӀасалелон ракетийн комплекс «Стингер») АЦШ, Цийс, кхин а цхьа могӀа пачхьалкхаш а. Цасоццуш йолчу доьхьалоно ССРС куьйгалхошга ОвхӀанера эскарш арадаха дийзийтара.
1986 шеран 4 майхь ОХДП ЦК 18-гӀа пленуман бертаца Б. Кармаль мукъаваьккхира «могашалла бахьанехь». ДӀаваккхар бахьана Ӏедале Горбачев веана ССРС хилла хийцамаш бара. ОвхӀанийн Демократийн Республикин керла Революцин кхеташонан председатель 1 октябрехь хоьттираНаджибулла Мухьаммад . Цхьа бутт баьлчи, 30 ноябрехь, керла Лойя джирга конституцийца хаьржира иза пачхьалкхан керла президент. Саурийн революцино дӀадаьккхина дарж мета хоттийра. Советийн эскарш арадехира пачхьалкхера 1989 шарахь. Советийн эскарш арадаьхначул тӀехьа (1989) а Наджибулла Ӏедалехь висира кхин а кхаа шарахь.
ТӀалибанан байракх ТӀалибашГератехь ,2001 шеран июль 1989 шарахь Советийн эскарш арадаьхчи чоьхьара тӀом ца сецира, ткъа кхин а чӀагӀбелира. Пачхьалкхан къилбаседехь баьччийн тобано кхоьллираКъилбаседа альянс .1992 шеран апрелехь гӀевттанашКъабул чубевлира,ОвхӀанийн Демократийн Республика йуьйжира. Ӏедал къуьсушАхьмад Шах МасӀудний ,Гульбеддин Хекматиярний йукъахь дов лаьттачу хенахь, коьрта шахьарКъабул чу йаккхий тоьпаш йиттира шина агӀоно, дукхаха йолу оьздангаллин а, историн а хӀолламаш халлак бира[ 24] . Оцу хенахь пачхьалкхан къибехь чӀагӀлуш йара «ТӀалибан ». Дукхаха болутӀалибаш пуштунийн къомах бара, шеш овхӀан халкъан гӀуллакх дан хитина хилар кхайкхийра цара. Церан Ӏалашо йара ОвхӀанехьШариӀатан низам тӀехь исламан пачхьалкх кхоллар.
1996 шо кхочуш уьш доладеш бара мехкан алсама долчу декъан, сентябрехь Къабул схьайаьккхинчул тӀаьхьаНаджибулла Мухьаммад вийра, ткъаКъилбаседа альянс аратеттира генарчу дозанерчу къилбаседа провинцешка. ТӀалибийн Ӏедал керста динан тоха са долуш а дацара (иштта, масала, дуьненан йукъараллаш гӀовгӀайешшехь, царна йукъахь цхьайолу бусулба нах беха пачхьалкхаш а, тӀалибаша лелхийтара архитектурин хӀолламаш —Буддин Бамианийн хӀолламаш , уьш керстанийн жӀараш йу аьлла), къиза а дара — масала, къйн куьйгаш дӀадахара, зударшна а, зудаберашна а ишколе лела ца магадора, уллохь верас воцуш урам тӀехь лела а ца магадора иштта кхин дӀа а[ 25]
1980-гӀа шераш чекхдовлуш[ 26] ОвхӀанехь йолайо йаккхийн масштабашца наркотикаш кхио. Уггар дукхаопиаташ — 4600 тонн — гулйира1999 шарахь ,тӀалибаш Ӏедалехь болуш[ 27] .2000 шарахь йокъал йолуш гулйира 3275 тонн опиуман петӀамат[ 28] . Оцу шарахь тӀалибаш сацадайтира опиуман петӀамат кхиор шаьш доладечу латан тӀехь, жамӀаш — 2001 шарахь ОвхӀанехь кхиийна уггар а кӀезга опиуман петӀамат: 185 тонн опиум, кхин тӀе цунах дукхахъерг гулйинаКъилбаседан альянсо доладечуБадахшан провинцехь[ 29] .
2001 шеран 11 сентябрехь кхерамаллин акташ хиллачул тӀехьа дуьненан террористанбен Ладен Ӏусаман карийра тӀалибий ОвхӀанехь лачкъа меттиг. И бахьана а хоьттира АЦШ ОвхӀанан тӀелата. Амма, журналистоПепе Эскобара дийцарехь, коьрта бахьана дара тӀалибашКеп:Гоч янза 3 (ТОПХӀ, Туркменистан — ОвхӀан — Пакистан — ХӀинди) йилла пурба ца далар АЦШ бохучу мехаца. АЦШ ОвхӀанан тӀелатаран план йолуш йара 11 сентябрь кхача ах шо хьалха а[ 30] .
2002 шо долалуш йинчу«Йохонйоцу паргӀато» цӀе йолчу операцино тӀалибийн Ӏедал дохийра. Амма, «ТӀалибан» орамца йоха ца йелира. Коьрта ницкъаш дӀабахара Вазиристанан ломан кӀошташка, кхин берш паризанийн тӀом бан буьйлабелира ОвхӀан махкахь а, Пакистанехь а.
ТӀалибийн Ӏедал доьжначул тӀехьа кхайкхира хӀинцалера Исламан Республика ОвхӀан.2001 шеран декабрехь Боннан конференцехь овхӀанийн политикахоКарзай Хьамид хоттийра Ӏедал хотталц йолчу ОвхӀанийн администрацийн коьрте.2002 шеран июнехьЛойя джиргас (ОвхӀанан массо а къаьмнийн, тайпанийн, тобанийн тхьамданийн Лакхара кхеташо) хаьржира иза цхьана хана мехкан президент.2004 шарахь тӀеийцира керлаКонституци , дӀабаьхьира дуьххьарлера президентан харжамаш, цигахь туьйлира Карзай Хьамид.
2009 шеран 20 августехь махкахь чекхбевлира рогӀера харжамаш, толам йуха а баьккхира Карзай Хьамида[ 31] .
Тахана мехкан коьртехь вуГани Ашраф (2014 ш. дуьйна).
Мухха делахь а, махкахь хьалха санна дӀабоьдуш бучоьхьара тӀом , амма оцу декъахь буОвхӀанера Кхерамазаллин гӀоьнна кхоьллина Дуьненан йукъара ницкъаш (ISAF) .
ОвхӀанан байракх ХӀинцалера байракх тӀеэцна2004 шарахь . Байрак тӀехь го лакхара охьа Ӏаьржа-цӀе-баьццара басара кхо могӀа, йуккъахь (цӀе могӀанан йуккъахь) йиллина ОвхӀан пачхьалкхан эмблема. Ӏаьржа басо гойту историйн хьалхе — британийн колонизаторашца хилла тӀемаш, цӀе — паргӀатонна Ӏанийна долу цӀий, баьццара —исламан Ӏадатехь болу бос. Байракхан барам — 7:10.
ОвхӀанан ХӀост (Къоман эмблема) йу пачхьалкх кхоьллинчу хенахь дуьйна. ХӀостан тӀехь го гуонаха кан болуминбарца маьждиг . Маьждиган тӀетоьхна шиъОвхӀанан байракх . Лакхахьа го маьлхан зӀаьнаршца серла даьккхинаШахадат — ислам динан символ, оцу бухахь хоттийнатакбир (йоза «АллахӀ воккха ву»). Маьждиг кӀелахь бусулба рузманца долу терахь 1298 шо ду,1919 шо ду григориански рузманца, пачхьалкх паргӀатъяьлла яьлла хан йу иза. ХӀост ОвхӀанан байракх тӀехь а йу.
Таханлера шатлакхан илли тӀеэцна2006 шеран май баттахь. Шатлакхан иллин дешнашпуштунийн маттахь ду, оцу йукъахьтакбир («АллахӀ воккха ву») а ду, иштта ОвхӀанехь мел деха къаьмнийн цӀераш а йоху оцу йукъахь.
2004 шеран Конституцица , ОвхӀанпрезидентан кепара куьйгалла долуисламан республика йу.
Президент Карзай Хьамид а, Президентан Гварди а Къабулехь. Президент ву пачхьалкханТӀеман ницкъийн Лакхара баьчча , цуо кхуллуправительство , хоржу (шина хенал сов ца хилчхьана) деа шеран массара а къайлаха кхаж тосуш.2009 шарахь , кхечу пачхьалкхийн карахь йоллушехь, ОвхӀанан президент хаьржираКарзай Хьамид . 2014 ш. сентябрехь ОвхӀанан президент хаьржинаАхьмадзай Ашраф Гани .
Правительствон корта бу Президент, Парламентан пурбанца кабинетан декъашхой хиттош волу. Правительствон карахь йубюджет ,законийн проекташ , нормативаш, инструкцеш кхин дӀа а. Правительствехь 27 стаг ву.
ОвхӀанан Парламент 2006 шарахь Законкхолларан Ӏедалан лакхара межеПарламент йу. ОвхӀан махкахь цунах олуМаджлес-е мелли олу, иза лаьтта лакхара (Мишрану джирга ), лахара (Волеси джирга ) палатех. Лакхара палатехь 249 депутат ву, уьш хоржу дуьххьара а, массара а дакъалоцуш болу къайлаха харжамашкахь деа шеран.
ОвхӀанан суьдан система йозуш йац пачхьалкхан Ӏедалах. ХӀинца,2001 шеран Боннера барт кхочушбархьама, пачхьалкх цхьана хенан йухайирзина1964 шеран суьдан системе, оцу йукъахь ӀадатийншариӀатан бакъо иэйелла европийн бакъонийн системан элементашца. Оцу йукъахь къастийна билгалдаьккхинашариӀатан хьесап доццушехь, билгала дина, законашисламан коьрта бӀогӀешна дуьхьал хила ца дезар.
Пачхьалкхийн куьйгаллин лакхарчу меженашкахь йу Ӏедалан Ӏадатийн меже —Лойя джирга («Беза гулам», «Лакхара кхеташо»), оцу йукъа богӀу парламентан шинне а палатийн декъашхой а, провинцийн округийн кхеташон председателаш а.
Полицин тоба парадехь ОвхӀанан полици кечамбаран лагерехь Низам лардаран меженаш лаьтта,2010 шарахь 90 000 стаг гергга йолчу, ОвхӀанан Къоман Полициех[ 32] .
Чоьхьара тӀом бахьанехь полицин декхарш кхочуш до эскан тобанаш.Коррупци а,йоза-дешар цахаар а полицешна йукъахь, белхалошна йукъахь лакхарчу тӀегӀантӀехь лаьтта. Полицийн тобанаш кечйеш йу НАТОн инструкторша.
ОвхӀанан Президент Карзай Хьамид Германехь Юнг Франц Иосифца (аьтту агӀора) а, Джонсон Джеймсца (аьрру агӀора) а ХӀинца а махкахь боьдуш буАЦШ а,НАТО а дакъалоцучоьхьара тӀом . 2001 шо чекхдолушКъаьмнаш Вовшехтоьхна Кхолламан Кхерамазаллин Кхеташоно Дуьненан йукъара кхерамазаллин гӀоьнна болу ницкъаш (ИСАФ) кхолла пурба делира. И тоба йу НАТОн эскаршан йукъара. Цара дакъалоцу президентан Карзай Хьамидан правительстван гӀодарехь а, махкахь коьрта инфраструктура меттахотторехь а.2005 шарахь АЦШс а, ОвхӀана а куьг яздира шина а пачхьалкхан стратегин доттагӀаллин тӀехь барт барехь а, и гергарло йехачу хана хиларехь а. Оццу хенахь, дуьненанйукъара йукъараллаш пачхьалкх метта хотто масех миллиард доллар делира.
ОвхӀанан административан декъадаларан карта ОвхӀанунитаран пачхьалкх йу, административан декъадалар ду 34 провинцина (вилаят , velāyat), уьш, шайн рогӀехь, кӀошташна йекъало.
ОвхӀанан таханлера тӀеман ницкъаш йухакхоьллина АЦШ а, НАТО а инструкторийн гӀоьнца.2010 шеран январь баттахь тӀеман ницкъийн барам — 108 000 стаг[ 33] .2014 шарахь ойла йара церан барам 260 000 стаге кхачо[ 33] .
ТӀеман ницкъаш декъало ОвхӀанан къоман эскарний (ОКЪЭ), ОвхӀанан къоман хӀаваан корпусний. ОКЪЭ лаьттакорпусех , уьш екъалобригадашна а,батальонашна а. Иштта, ОКЪЭ йукъайогӀу леррина кхоьллина батальон а.
ОКЪЭ тӀеман гӀирсах долу деза герз — дукхаха дерг, ССРС дина ду, ирсан кхаьчнаОДР ТӀН —БМП-1 ,БТР-60 ,БТР-80 , танкашТ-55 ,Т-62 , кхин а АЦШ — гӀашлойн тӀеман машенашM-113 а,Humvee а.
ТӀеман-хӀаваан ницкъаш лаьтта ОвхӀанан Къоман хӀаваан корпусах. Цуьнан герзах ду, коьртаниш, советаш дина вертолёташ —Ми-8 ,Ми-17 ,Ми-24 , ишттачехословацкин Ӏаморан кеманашL-39 .
Галерей Къоман тӀеман-хӀаваан корпусан Ӏаморан кема
L-39 ОвхӀанан базар ОвхӀанера руман стоьмаш ОвхӀанан кузанаш ОвхӀан чӀогӀа къиен пачхьалкх йу, йозаш йу кхечу пачхьалкхийн гӀоьнех (2009 шарахь 2,6 млрд долл., ткъа пачхьалкхан бюджет 3,3 млрд долл. бен йац).
ЧВБ 2009 шарахь цхьана синна 800 долл. кхочу (рицкъ эцадаларехь дуьненахь 219-гӀа меттигехь йу).
Болхбечарех 78 % йуьртабахамехь (31 % ЧВБ) бу, 6 % промышленностехь (26 % ЧВБ) бу, 16 % хьашташкхочушдарав сферехь (43 % ВВП) бу. Болх ца хиларан барам — 35 % (2008 шарахь).
Йуьртабахаман рицкъ — опиум, йалта, стоьмаш, бӀараш; тӀаргӀа, не1.
Промышленностан рицкъ — барзакъ, саба, мача, удобрени, цеманц; кузаш; газ, кӀора, цӀеста.
Экспорт — 0,6 млрд долл. (2008, къайлаха йина экспорт йоцуш): опиум, стоьмаш, бӀараш, кузаш, тӀаргӀа, холхаз, мехала а, ахмехала а тӀулгаш.
2008 ш. коьрта эцархой — ХӀинди 23,5 %, Пакистан 17,7 %, АЦШ 16,5 %, Таджикистан 12,8 %, Нидерландаш 6,9 %.
Импорт — 5,3 млрд долл. (2008 ш.): промышленностан рицкъ, дуург, текстиль, маьхкдаьтта, маьхкдаьттан рицкъ.
2008 ш. коьрта йохкорхой — Пакистан 36 %, АЦШ 9,3 %, Германи 7,5 %, ХӀинди 6,9 %.
Вовшехтоьхна Къаьмнийн Кхолламо арахецна ОвхӀанан карта. Оцу тӀехь гойту кхераман тӀегӀанаш, регионан кхерамазалла, наркотикаш йар 2008 ш. август бутт чекхболушВовшехтоьхна Къаьмнийн Кхолламан наркотикашна а, зулам дарна а тӀиера урхалла (UNODC) зорба туьйхира шайн хӀора шеран доклад ОвхӀанехь опиуман петӀамат кхиадарах лаьцна. Оцу тӀехь чӀагӀдо: «Цкъан а цхьана пачхьалкхо таханлера ОвхӀан йоцучо, ца кхиийна оццулнаркотикаш ,XIX бӀешерашан йуккъехь Цийс кхиийнврш дӀайаьхча ».
АЦШ а, НАТО а эскаш чудаьхкинчул тӀехьа наркотикаш йар совделира мосийттаз, (цитата — наркотикаш йар хӀора шарахь шозза тӀекхета)[ 34] . Къаьсттина (немцойн политик) — наркотикаш йар совделира ОвхӀанера тӀом НАТО куьйга кӀелахь болуш 40-за[ 35] (2001—2014), кхечу хаамашца 2001—2008 шерашкахь ОвхӀанехь 2-2,5-за совделира опиаташ йар а, героин дар а[ 36] . Тахана Йуккъера Росси а, ЕС пачхьалкхаш а йу ОвхӀанера догӀучу героинах балехьъерг[ 37] . Билгалла доккху, тӀаьххьарлера итт шарахь Россехь цӀеххьана тӀекхетна наркотикаш лелор ОвхӀанера наркотрафик бахьанехь хилар[ 37] .
UNODC хаамашца, ОвхӀанехь кхиайо 90 % сов дуьненан базаре кхочушйолуопиум . Опиумийн плантацийн майда 193 эзар гектар йу. ОвхӀанийн «наркобаронийн» 2007 шарахь хилла пайда 3 млрд долл. совбаьлла (иза, тайп-тайпана мах хадорца, ОвхӀанан официальниЧВБ 10 % тӀиера 15 % кхаччалц бу). ОвхӀанехь дийначуопийн петӀаматан майда хӀинца сов ду Колумбиера, Перура, Боливиера цхьана кокин майданалла а.2006 шарахь махкахь кхиийна 6100 тонн опиум, ткъа2007 — рекордан йалта 8000 тонн[ 38] .
Цуьнца цхьана, Карзай Хьамидан правительствос доладечу, къилбаседехьа а, йуккъехь а, ца кхиадо 20 % бен овхӀанийн опиуман петӀамат, ткъа дисина дакъа — къилбан провинцешкара Пакистанан дозанехь — НАТОн эскарш а, тӀалибаш а лелачу зонехь. Наркотикаш йаран коьрта йукъ —Гильменд йу, и провинции ТӀалибанан бен бу[ 39] , где площадь посадок составила 103 тыс. га[ 40] [ 41] .
ОвхӀан йуОвхӀанера Кхерамазаллин гӀоьнна кхоьллина Дуьненан йукъара ницкъашна (ISAF) куьйга кӀелахь (АЦШ церан жоьпалле дӀаелла тӀеман операцеш чекхъевлчи), амма дуьненан йукъара ницкъийн аьтту ца болу шаболу ОвхӀан мехкан доладан, церан куьг кхочу меттигКъабул а, цуьнан йисташ а йу.
Къаьмнаш Вовшехтоьхна Кхолламан (ООН) терхьашца, 90 % герггаЕвропе йогӀу наркотикаш ОвхӀанера схьайовлар ду. ISAF, шен агӀора, дешнашца кхайкхадо, шайн эскарша машар латторхьама, ОвхӀанехь операцеш йар, ОвхӀанан правительствон наркобала дӀабоккхуш гӀодан шеш кийча хилар. Ткъа иза бен церан дуьхьанцалера дуьйна Ӏалашо а йацара.
ПетӀамат кхиадар бен, дукха хьолахь, овхӀанен ахархойн тӀедан хӀума дац[ 42] .
ОвхӀан — дуьненахь уггар а дукха опиум киориг бу; петӀамат кхиадар 22 % лагӀделла 157 000 гектаре кхаьчна 2008 ш., амма шен историн лакхарчу барамехь лаьтта; 2008 шарахь уьш кхио дика ца хиллачу денца гулдина опийн барам охьабаьлла 5500 тонне, 31 % йу 2007 шерца дуьстича. Шаерг кечйича 648 тонн гергга цӀена героин дердара цунах. Массанхьара коррупцино а, пачхьалкхехь доцу низамо а новкъарло йо наркотикашца дов латто. Европехь а, Малхбален Азехь а духкуш долу дукхаха долу героинан дакъа ОвхӀанан опиумах (2008) деш ду[ 43] .
Кхазакхстананан «Кхераман маххадоран тоба» цӀе йолчу консалтинган кхолламан директора Сатпаев Досыма тӀечӀагӀдина боху, наркотикаш йо ТӀалибан боламан дуьхьал йолу ОвхӀанан тобанаш. Царна гӀоьнна, НАТОс бӀаьргаш тӀекъуьйлу наркотикашца болу болх ца гархьама[ 44] ., Стенфордан университетан профессоро Бернстам Майкла, боху ТӀалибано наркотикаш ца магайора, лелочаран къиза та1зар а дора. Цуо НАТО бехке йо наркотикаш бахархошка лелайайтарна[ 44] .
НТФС хьаькамо Иванов Виктора Москвохахь конференцехь кхайкхийра барам боцуш героин дар дебар, опиуман петӀамат дийна майданаш 30-за совйовлар, оцуо регионехь йолу дуьненан йукъараллийн политика лартӀахь ца хилар гайтар[ 45] .
ЦТУн ОвхӀанера этносийн тобанаш йеха меттагаш гойту карта (2005 ш.) Пуштунаш Бахархойн барам — 28,4 млн (2009 ш. июлехь маххадор) Бахархой тӀекхетар (шарахь) — 2,6 %Дуьнен тӀебовлар — 45,5 стаг 1000 йукъахь (дуьненахь 5-гӀа меттиг)Балар — 19,2 стаг 1000 йукъара (дуьненахь 8-гӀа меттиг)Цхьана зудчунна беран барам — 6,5 бер зудчунна (дуьненахь 4-гӀа меттиг) Бераллехь балар — 247 бер 1000 йукъара (дуьненахь 1-ра меттиг) Бахаран йуккъера барам — 44,6 шо (дуьненахь 214-гӀа меттиг) ГӀалийн бахархой — 24 %Йоза хаар — 43 % божарий, 12 % зударий (маххадийна 2000 шарахь)
ОвхӀан махкахь дукха къаьмнаш ду. Цуьнан бахархой тайп-тайпан меттанийн доьзалера этносийн тобанера бу —иранан ,тюркийн , кхин дӀа а. Уггара алсама этносин тоба йупуштунаш — барам бахархойх 39,4-42 %. ШолгӀаниг —таджикаш — 33-38 %. КхоалгӀа тоба —хазарейш — 8-10 %. ДоьалгӀа этносин тоба —узбекаш — 6-9,2 %. КӀезиг йолу этносан тобанаш —аймакхаш 4,3-10 %,туркменаш 1-3 %,белуджеш 0,5-2 %. Кхин этносийн тобанаш, царна йукъахь кхазакхийн Сиргели тайпа а, 1-4 % йу.
Къабулера мехкарий шайн Ӏадатера духарца йиш локху Дуьненан йукъара зударийн дезчу денна 2002 шарахь. ОвхӀан шира истории йолуш бу. Иза ларйина вайн дене кхаччалц шайн меттанашца а, холламашца а. Амма дуккха а историйн холламаш бохийра тӀамехь.Бамиан провинцехьБуддин гӀарабаьлла болу шиъ холлам халлакбира «Т1алибан » боламо, уьш цӀу дин лелочеран жӀараш йу аьлла. Кхин гӀарабевлла архитектурин холламаш буКандагар ,Газни ,Балх гӀаланашкахь.Хари хин тогӀераДжамин момсар йукъайалийнаЮНЕСКО Дуьненан т1аьхьен объекташна . Мухьаммад пайхӀамаран (Делера салам хуьлда цунна) оба ларйеш йуКандагар гӀалара Халх Шарипехь.
Бузкаши — овхӀан къоман спорт. Бере бекъна бу шина декъе, арахь ловзу, хӀора тоба гӀерта схьа а йаьккхина газана цӀока шайгахь сацо. ОвхӀан махкара девллаОвхӀанан жен жӀалеш .
ХӀара дакъа юхаяздан дезаш ду.
Мазари-Шарипера сийна маьждиг Йоза хааран барам чӀогӀа лахар делахь а,персин классикан поэзи ОвхӀанан оьздангаллехь коьрта роль ловзош йу. Поэзи даиман а йара дешарна коьртехьИранехь а, ОвхӀанехь а. Цунна иза оьздангаллех дӀаийна. Персин оьздангалла хьалха санна боккха Ӏаткъам беш йу ОвхӀанан оьздангаллин. «МушаӀара » цӀарца девзаш долу къевлина назманчийн къийсадаларш сих-сиха дӀахьо халкъехь а. ХӀора цӀачохь аьлча санна, доьшуш дацахь а, ду цхьаъ, йа масех байтийн жайна.
Парси меттан малхбален диалект шуьйра йевза «дари » цӀарца. Ша и цӀе схьайаьлла «парси-э дербари» («паччахьан грнхьара парси»). Шира цӀе «дари» — парси меттана дуьххьарлерчарех цхьаъ йу — карлайаьккхина 1964 шеран ОвхӀанан Конституцино, «овхӀанаша шайн мохк меттан ага ларар гойтуш».
Коьрта дин дуислам — иза лелош бу 99 % бахархой. Дукхаха бершсуннийн охлераханафийн мазхӀабера бу; 19 % кхоччуш бахархойшиӀийш бу[ 47] .
ОвхӀанехь болчукерстанаш (30 эзар[ 48] ) кхечу мехкашкара бу. Керста динан йоккхаха йолу агӀо лорупротестантизм . 2000 шарахь ОвхӀанехь йара 240 протестантийн тобанаш, царех 124 йарапятидесятникийн [ 49] . Дуьненан йукъара керстачеран диканиш даран «Open Doors » кхолламан талламан жамӀашца 2015 шарахь керстачаран гӀело йарехь ОвхӀан 5-га меттигехь йу[ 50] .
Махкахь бубахаи динехь берш (15 эзар[ 51] ),хӀиндин динехь берш (10 эзар[ 52] ),сик’хаш ,цӀеран динехь берш, кхин дӀа а.
Пачхьалкхан телерадиокомпани —RTA (Radio Television Afghanistan ,رادیو تلویزیون ملی افغانستان ), йукъадогӀуRTA TV телеканал а,Radio Kabul радиостанци а.
UTC+4:30 дуьненан сахьтан асанийн картин тӀехь:цӀехо-можа — зона UTC+4:30аьхка (апрель-октябрь)Дуьненан къилбаседан эхиг ;къегина-можа — зона UTC+4:30 шадолчу шарахь ОвхӀан буUTC+4:30 сахьтан асанехь. Аьхкен хан тӀе ОвхӀан ца йолу.
↑ Afghanistan (бил-боцу.) . The World Factbook . Central Intelligence Agency (2007 шеран 13 декабрь).Архивйина 2017-09-20 —Wayback Machine ↑1 2 Атлас мира. Государства и территории мира. Справочные сведения. — Роскартография, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295 ↑ Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013 (бил-боцу.) . U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь↑ Department of Economic and Social AffairsPopulation Division (2009)."World Population Prospects, Table A.1" (.PDF) . 2008 revision. United Nations. {{cite journal }}:Cite journal требует|journal= (справка ) ;line feed character в|author= на позиции 42 (справка ) ↑1 2 Afghanistan (бил-боцу.) . International Monetary Fund. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 1 октябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь↑ Morgenstierne, G. (1999). "AFGHĀN".Encyclopaedia of Islam (CD-ROM Edition v. 1.0 ed.). Leiden, The Netherlands: Koninklijke Brill NV. ↑ «Afghan» Архивйина 2009-02-28 —Wayback Machine (with ref. to «Afghanistan: iv. Ethnography») by Ch. M. Kieffer,Encyclopaedia Iranica Online Edition 2006.↑ «Afghan Poetry Of The 17th Century: Selections from the Poems of Khushal Khan Khattak », extract from «Passion of the Afghan» byKhushal Khan Khattak ; translated by C. Biddulph,London , 1890↑ «Transactions of the year 908» Архивйина 2012-11-14 —Wayback Machine by Zāhir ud-Dīn Mohammad Bābur in Bāburnāma, translated by John Leyden, Oxford University Press: 1921.↑ Elphinstone, M. ,«Account of the Kingdom of Cabul and its Dependencies in Persia and India» ,London 1815; published by Longman, Hurst, Rees, Orme & Brown↑ E. Bowen,«A New & Accurate Map of Persia» inA Complete System Of Geography , Printed for W. Innys, R. Ware [etc.],London 1747 ↑ MECW Volume 18, p. 40; The New American Cyclopaedia — Vol. I, 1858 ↑ Afghanistan’s Constitution of 1923 Архивйина 2015-02-26 —Wayback Machine underKing Amanullah Khan (English translation).↑ География Афганистана ↑ Афганистан. Ру — Костыль для Карзая Архивйина 2015-04-13 —Wayback Machine ↑ Sites in Perspective , chapter 3 of Nancy Hatch Dupree,An Historical Guide To Afghanistan .↑ Afghanistan Архивйина 2009-10-31 —Wayback Machine , Microsoft Encarta Online Encyclopedia 2006 (specifically John Ford Shroder, B.S., M.S., Ph.D. Regents Professor of Geography and Geology, University of Nebraska. Editor, Himalaya to the Sea: Geology, Geomorphology, and the Quaternary and other books).↑ The history of Afghanistan ,Ghandara.com website Архивйина 2013-07-27 atarchive.today ↑ Afghanistan: Achaemenid dynasty rule , Ancient Classical History,about.com Архивйина 2013-12-30 —Wayback Machine ↑ Dani, A. H. and B. A. Litvinsky. «The Kushano-Sasanian Kingdom». In:History of civilizations of Central Asia, Volume III. The crossroads of civilizations: A.D. 250 to 750 . Litvinsky, B. A., ed., 1996. Paris: UNESCO Publishing, pp. 103—118.ISBN 92-3-103211-9 ↑ Zeimal, E. V. «The Kidarite Kingdom in Central Asia». In:History of civilizations of Central Asia, Volume III. The crossroads of civilizations: A.D. 250 to 750 . Litvinsky, B. A., ed., 1996, Paris: UNESCO Publishing, pp. 119—133.ISBN 92-3-103211-9 ↑ Litvinsky, B. A. «The Hephthalite Empire». In:History of civilizations of Central Asia, Volume III. The crossroads of civilizations: A.D. 250 to 750 . Litvinsky, B. A., ed., 1996, Paris: UNESCO Publishing, pp. 135—162.ISBN 92-3-103211-9 ↑1 2 3 Онлайн энциклопедия «Кругосвет»: История Афганистана Архивйина 2010-08-18 —Wayback Machine ↑ Афганистан: Ностальгия по «Талибану»? — Фергана. Ру Архивйина 2009-02-17 —Wayback Machine ↑ Исламский Эмират Афганистан: тоталитарный режим рубежа XXI века. Архивйина 2010-09-13 —Wayback Machine ↑ Хайдар Махмадиев. Нельзя преуменьшать опасность, исходящую от производства наркотиков в Афганистане Архивйина 2013-11-15 —Wayback Machine (Хьаьжина 25 майхь 2013) ↑ PRESS CONFERENCE ON AFGHANISTAN OPIUM SURVEY 2004 (Хьаьжина 7 октябрехь 2011) ↑ Афганистан — крупнейший в мире поставщик опиума-сырца ↑ World Drug Report — archive ↑ Антинаркотический фронт Архивйина 2014-01-16 —Wayback Machine ↑ Afghanistan Election Data Архивйина 2010-09-11 —Wayback Machine ↑ «ArmyTimes.com» — More than 100,000 new Afghan forces by December (ТӀе цакхочу хьажорг) ↑1 2 Afghan army and police forces must grow much larger | Washington Examiner (ТӀе цакхочу хьажорг) ↑ «производство наркотиков удваивается практически каждый год» — интервью посла Узбекистана в России Бахтияра Исламова ИА REGNUM ↑ Neue Solidarität: Для спасения планеты Западу нужна дружба с Россией — Новости Политики — Новости Mail.Ru ↑ НАРКОТИКИ.РУ | О наркоситуации в Российской Федерации: новые вызовы и угрозы Архивйина 2014-01-06 —Wayback Machine ↑1 2 Депутат Европарламента Пино Арлакки (Pino Arlacchi): Сегодня именно Россия и страны ЕС являются главными жертвами героина, поступающего из Афганистана ↑ Афганистан.ру — в Афганистане за 2007 год собран рекордный урожай опиума ↑ Американцы идут к талибам с мечом (Коммерсантъ, 3 июля 2009)↑ Александр Ъ-Габуев. Мак всему голова// Афганистан продолжает наращивать производство опиума (оьрс.) . Газета «Коммерсантъ » № 155 (3731) (29 августа 2007). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 25 июнь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь↑ ООН: В 2007 г. Афганистан произвел 93 % всего опиума в мире (оьрс.) . РБК (28 августа 2007). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 25 июнь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь↑ Георгий Зотов. Афганская доза России (оьрс.) . Аргументы и факты № 35 (1348 (30 августа 2006). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 25 июнь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь↑ WorldFactbook. Afghanistan (бил-боцу.) . WorldFactbook (10 сентября 2009). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 10 сентябрь.Архивйина 2009-09-25 —Wayback Machine ↑1 2 Как остановить поток наркотиков из Афганистана? ↑ Взрывной рост наркопроизводства в Афганистане ↑ Afghanistan: Provinces, Major Cities & Towns — Statistics & Maps on City Population ↑ Bureau of Democracy, Human Rights and Labor. Afghanistan (инг.) . International Religious Freedom Report for 2013 . The Office of Website Management, Bureau of Public Affairs (2013). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 31 июль.↑ Global Christianity (инг.) . The Pew Forum on Religion & Public Life (2011 шеран 19 декабрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 май. Архивйина 2013 шеран 23 майхьАрхивйина 2013-05-30 —Wayback Machine ↑ Patrick Johnstone, Jason Mandryk. Afghanistan // Operation World 2001 . — London: Paternoster Publishing, 2001. — 798 p. — (Operation World Series). —ISBN 1-8507-8357-8 .↑ Open Doors Weltverfolgungsindex 2015 Архивйина 2015-01-29 —Wayback Machine (нем.) ↑ Most Baha'i Nations (2005) (инг.) . The Association of Religion Data Archives. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 7 март.Архивйина 2010-04-14 —Wayback Machine ↑ Table: Religious Composition by Country, in Numbers. Table: Religious Composition by Country, in Numbers (инг.) . Pew Research Center (2012 шеран 18 декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 31 июль.Фото, видео и аудио Тематикийн сайташ Дошамаш а, энциклопедеш а
Библиографин каталогашкахь