Movatterモバイル変換


[0]ホーム

URL:


Чулацаман тӀегӀо
Википедимаьрша энциклопеди
Лахар

Нартол

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ПетарбухераТроице-Измайловн килсан коьрта нартол
Пантеонан йекъна гойту нартол

Нартол (итал.cupola,лат. cupula,оьрс.купол) – шен кепаца герга йуахсферех йа кхечу сатторан (эллипсан,параболан)хьовзийна тӀехулонах. Нартолан конструкцеш лелайо дукха хьолахь къовлуш гоьрга, дуккха сенаш болуш, эллипсан гӀишлойн планаш, цуо таро ло къовла йаккхий меттигаш йукъ-йуккъе гӀортолаш а ца хӀиттош. И кепаш йо цхьацца саттаршца. Охьанехьа йолу йозаллийца нартолан конструкцешкахь кхоллало саттаран Ӏаткъам, ткъа иштта анасизан дӀасататтар гӀортолаш тӀехь.

Истори

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Нартолан истории йолайелла ширачу заманахь, уьш хаало дукха ширачу иэсашкахьГаллин,Нурагашкахь, йа нурагенашкахьСардинин (уьш йу гоьрга тӀулган экъа, тӀехь лаьтташ горгбина бохь болу бӀогӀамца, оцу бохь чохь хуьлу масех цхьаъ вукханна тӀехула йолу чоьнаш; и чоьнах къевлина хӀора а харц нартолца),Лидера каш тӀиера хӀолламакахь, шираЖелтойчоьнан бахамаш бохкучохь (масала,Атреян бахамаш бохкургМикенашкара),этрусскийн дӀабухкумаьлхан кешнашкахь,нубийн Курна пирамидехь; амма уггаре дукха уьш лелийна, гарехь, ширахалдейша а,гӀажарша а, иза гойту вайга кхаьчначу церан гӀишлойн суьрташ а, церан гӀаланаш лаьттинчохь дина археологин ахкарш а. Шира нартолаш харц хилла. Церан анасиза доьттина тӀулган йа кибирчиган могӀанаш кхозура цхьаъ вукханна тӀехула, цара дӀа ца лора анасизан Ӏаткъам пенашна.Классикан Желтойчоьнан архитектуро ца лелайора нартолаш; тӀаккха а иза йуАфинехь жимаЛисикратан хӀоллам къовлуш монолит.

Шира Рум

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Технологица чолхе а, йаккхий тӀулгийн нартолаш нийсачу нартолан конструкцешца йан йолийра бетон йукъайаьллачул тӀаьхьаРуман архитектурин революцин заманахькилсаш а, йаккхийра йукъараллин гӀишлош йеш. Румхоша, шайн исбаьхьалла къегинчу муьрехь, нартол йоттаран бакъонаш йевзина, майра лелайора уьш дукха йаккхий меттигашна тхов къовлуш. Лору, уггаре шира нартол, хӀинца йолчех, руманПантеонехь йу, иза йоьттина вайн эран128 шарахь. Кхузахь ахсферан нартол йу, боьххьехь гоьрга Ӏуьрг ду серло чукхетитархьама дитина, цуо къовлу гоьрга гӀишло диаметр 43½ м йолу. Шира румхоша нартол кечйора чухула йоькъуш арагӀоьртина хьала-охьа а, анасиза а пӀендапршца, цара йоракессонаш.

Византи

[бӀаьра нисйан |нисйан]

ТӀаьхьа нартолаш йар схьаийциравизантийн динан а, культан а архитектуро. Византийн архитекторш дуьххьала аьттонца йира нартолаш гоьрга йоцучу гӀишлона а, беасенан а, дуккха сенийн а планашнатромпийн а,гатан а, йа пандантиван а гӀирсашца. Оцу муьран кульминаци хилира гатан технологи лелорКонстантинополехьСофийн килс йуттуш. Нартол хилира ладаме архитектурин элемент византийн килсан. Тойина византихоша нартол йаьржира Византера йерриг цуьнан провинцешкахула а, цуьнан Ӏаткъам болчу пачхьалкхашкахула а.ЖӀарин-нартолан килсан нартолаш йан йолийра Европин малхбузехь,Эрмалойчохь (Эчмиадзинан килсераСийлахь Рипсимен килс, VII бӀешо),Гуьржийчохь (Мцхета уллераДжвари килс, VII бӀешо),Русехь (КиевраСийлахь Софийн килс, XI бӀешо).Апеннинан ахгӀайрен тӀехь нартолашца йевзаБаптистери православничеран а,базиликаСан-Витале аРавеннера,Сийлахь Маркан килсВенецера (кхузахь нартол тӀехула тхьов бина нартолах къаьсташ болу; йан йолийна — IX бӀешарахь);Рейн бердаш тӀехь —Ахенераимператоран капелла;ФранцехьПеригёраСен-Фрон килс.

Исламехь

[бӀаьра нисйан |нисйан]

БусалбачараСасанидийн импери а,Византийн Гергара Малхбале а схьайаьккхинчул тӀаьхьа нартол дакъа хилирабусулбачеран архитектурин (СамаркандераБиби Хануммаьждиг, XV бӀешеран йуьхьиг).

Итали

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Лакхарчу тӀегӀанера нартол кхиар хилла италинЙухаметтахӀоттар муьран архитектурехь (ФлоренцинСанта-Мария-дель-Фьоре килсан нартол (Брунеллески, XV бӀешо),руман Сийлахь Петран килсан нартол (Микеланджело, XVI бӀешо), кхин дуккха а).Бароккон муьрера нартолаш йара уггаре йаккхий гӀишлошна а, гӀаланашна а тӀехь йина.

XIX бӀешо

[бӀаьра нисйан |нисйан]

XIX бӀешарахь нартол лело йолийра ладаме пачхьалкхан гӀишлош еш. ЦӀенош деш нартолаш кӀезиг лелайора. Нартолаш йеш металланкаркас,эчигбетон, аьнгали лело долийра. ЧӀогӀа хаза шайн барамца а, исбаьхьа конструкцица а нартолаш йуЗаьӀапчеран цӀийнан а,Пантеонан аПарижехь,лондонанСийлахь Павлан килсан, Германехь — берлинанПаччахьан музейхь (К. Шинкель); Россехь — москоханӀийсан килсан а, петарбуханИсакъан килсан.

XX бӀешо

[бӀаьра нисйан |нисйан]

XX бӀешарахь гӀишлошйаран технологеш кхиарца а, керла гӀирсаш йукъабовларца а, масала полимераш, архитекторш тхьов къовларан проекташйан буьйлабелира тайп-тайпана кепара нартолашца (масала,Р. Фуллерангеодезин нартолаш). Нартолаш чӀогӀа йаьржираспортан а, ловзаран а гӀишлошйарехь.

Лосера Нураг, Сардини. ХӀинцалера хьалАфинера Лисикратан иэсРуман Пантеонан кессонаци йина нартолКиевра Софийн килс. Реконструкци. СуртВенецера Сийлахь Маркан килсан нартолаш

Нартол исламан архитектурехь

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Исламан архитектурера ширачех масала дуСкалан нартолан,Цепин нартолаш,ИерусалимераБайтал Мукъаддис маьждиган, иштта кхин а ДамашкъераОмейядийн маьждиган конструкцеш. Оцу йерриг а гӀишлоша схьаэцнавизантийн архитектурин амалаш. Амма исламан пхьерашна хиира шайн йевзачу амалаш тӀиера дӀа а таьӀна цӀенна бусалбачеран кхолларалла йукъадаккха[1]. Скалан нартол йина 691 шарахьӀабд аль-Маликан лаамца. Иза йечу хенахь пхьераш тӀетевжина хила тарлоӀийсан кешан килсан конструкци. ГӀишлочун нартол йу шина чкъоьран дечиган конструкци диаметрехь 20,44 метр, локхаллехь 30 метр. Иза лаьтта йалхийтта бӀогӀам тӀехь лаьттавотан тӀехь. Оцу бӀогӀамийн гуонехь лаьттабархӀсаболу аркада 24 бӀогӀамах лаьтта. Тахана нартол арахьа деший тоьхна наштарца къевлина бу. ДӀадевллачу бӀешерашкахь конструкцийн дуккха а сакхташ динехь а, йерриг схьаэцча ширачу заманера дуьйна хийцамаш кӀезиг бу. Цепин нартол масала хилира тӀаьхьа йинчу бархӀсаболчу гӀишлойн.

Билгалйахайеза ширачу гӀишлойн нартолан конструкцеш, масала, Тунис пачхьалкхераКайруан гӀалараУкъбан маьждиг, цигахь масех нартол йу, уггаре йоккханиг царехмихраб тӀехула йу, ламазан зал чура чоьхьарчу керта чекхволийла а йу. Нартол лаьтта бархӀсаболу вотан тӀехь, бух биъсаболчун базан тӀехь бу. Шен истори иссалгӀа бӀешере йоьдуш йолу иштта нартол, лору уггаре ширачех а, хаза нартолех а исламан архитектурехь.Кордован рузбанан маьждиг, хӀинца руман-католикийн килс, ИспанинКордовера, иштта жовхӀар ду исламан архитектурин.

Нартолийн кепаш

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Асанан нартол

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Асанан нартол. Атреян хазна
Хьажа иштта:Харц нартол

Асанан нартол къаьста «боккъал нартолах» иза анасизан чкъоьрех латтарх. ХӀора тӀехулара чкъор кӀеззиг арадолу бухарчул, латтадоконсольца, боьххьехь тӀеттӀакхочу. Иштта нартолан масала дуАтреян хазна.

Нартол-хоханкорта

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Хохан коьртан кепара кортош
Нартол-хоханкорта. Пушкино, Боголюбскан килс
Нартол-хоханкорта. Дели,Гурдвара Бангла Сахиб[2]

Нартол-хоханкоьртан боьххьехь ирлуш, хохан коьртах тера а йолуш кеп йу. Дукха хьолахь иштта нартолаш лелайоРоссехь а,Туркойчохь а,ХӀиндехь а,Йуккъера Малхбалехь а. Иштта кепара нартолаш лелайооьрсийн православин килсаш еш. Делахь а уггаре хьалхара Русера тӀулгах йина килсийн византийн нартолийн хатӀ дара, тӀаьхьуо уьш йерриг аьлча санна дӀайехира хохан корта кепарчу нартолаш. Иштта нартолийн бухал а йоккха диаметр йу,вотана тӀехӀиттайо уьш, ткъа церан локхалла шораллел сов хуьлу. Йисанчех уггаре хьалхара иштта нартол йолу гӀишлош XVI бӀешерера йу, шира тептарш тӀиера суьрташ тешалла до, уьш XIII бӀешерал тӀаьхьа йукъайевлла ца хиларх что.Четарш, нартолаш санна йуьхьанца лелодолийра дечиган килсаш тӀехь, тӀулган архитектурехь гуттара а тӀаьхьа лелийра. Амма тӀаккха а уьш кечйора дечигах йа металлах, хӀиттайора дечиган вотан тӀе. Православин килсийн нартолаш ечу говзаллехь гӀараваьллаинженер-архитектор хиллаПадюков Сергей Николаевич[3] (1922—1993), цуо нартолийн конструкци йина, дакъа лаьцна АЦШхь 44 килс йеш.

Масех нартол-хоханкорта болу килсоьрсийн килсан архитектуреран кеп хилла, иза къаьста кхечуправославин къаьмнийн а, керсталлийнконфессийн а архитектурех. Исторера ишттачу оьрсийн килсийн хьалхара масала дуНовгородера хьалха хилла дечиган 13 нартол йолуСофийн килс (989)[4] а,Киевера 25 нартол йолуДесятинни килсан меттигехь хилла хьалхара килс а (989—996). Нартолийн барам оьрсийн архитектурехь сийлалла йолуш хуьлу, масала, 13 нартоло гойтуӀийса пайхӀамарوصلة= шен 12асхьабаца, ткъа 25 нартол —инжил тӀиера кхин а 12пайхӀамарцаوصلة=. Византийн нартолашца йуьстича, оьрсийн килсийн нартолаш кегийра йу, дукха хьолахьдеший диллина йа къегина басар тоьхна йу.

Овалан нартол

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Овалан нартол

Овалан нартолаш барокко архитектурин дакъа ду. Ша цӀе схьайаьлла латинан дешахovum, гочдичахӀоа хуьлу. Дукха хьолахь овалан нартолаш йоьзна йу архитекторийнЛ. Бернинин а,Ф. Борроминин цӀерашца, амма хьалхара бароккон овалан нартол йинаДжакомо да ВиньоласСант-Андреа-ин-Виа-Фламина[it] килсан (кхин олу Сант’Андреа-дель-Виньола). Нартол папасЮлий III-гӀачо йайта йолийра1552 шарахь, шолгӀачу шарахь йелира. Уггаре йоккха овалан нартол йинаВикофортехь архитектороГалло Франческос[it].

Полигоналан нартол

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Полигональный купол

Полигоналан нартол анасизаца йекъча дукхасенашберг хуьлу. Уггаре а гӀарайаьллачеран масала дуБрунеллески Филиппос йоьгӀнаФлоренцераСанта-Мария-дель-Фьоре килсан барӀсаболу нартол.

Гатан нартол

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Гатан нартол

Гатан нартолаш, кхин авизантийн нартолаш а олу царех, иза дугата, цуьнан бух тӀиера йуккъе тӀеттӀа йоьду нарптол. Иштта йолу нартолаш тера йу лахара еасонера дӀа а йихкина, лахара хьала мохь хьоькху биъсаболчу гатанах.

Нартол-бошхап

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Йоккха нартол-бошхап

Нартол-бошхап кӀорга ца хуьлу, анасизан а, бух болчура тӀехалонан а йукъара са жима хуьлу. Геометрица, ишттачу нартолийн анасизан хадор гуо бу, ткъа хьала-охьаниг — гуонансегмент (аьлчи а цуьнан дакъа). Нартол-бошхапаш лоха йу кхечу нартолел. Тахана уггаре йаккхийчу нартолех дукхахаерш иштта кеп йолуш йу.

Нартол-бошхапаш гӀарадевлираXVIII бӀешарахь, хӀинци а иштта ду уьш. Дукха хьолахь уьш леладо хӀусаман чуьра дизайн йеш, бедан чохь чоь йина меттиг хилча. Иштта меттиг хилча нартол арахьара ца го, ткъа чохь чоь йоккха хетуьйту. Дукхахдерг иштта нартолаш кечйобустамашца йафрескашца.

Иштта нартолаш лелийнавизантийн килсанаш а,хункаройнмаьждигаш а дечу хенахь. Дукхаха долуХӀиндера,Пакистанера,Иранера,ОвхӀанера маьждигаш къевлина ду нартол-бошхапашца.

Нартол-четар

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Нартол-четар. Санта-Крочера килсан Пацци капелла. Флоренци

Нартол-четарш декъна ду, йуккъера бух тӀе доьдучу пӀендаршца, сегменташна. ПӀендаршна йуккъера меттиг хьевзина йуьзина йу, цуо охьанехьа болу Ӏаткъан пӀендаршна бо. Софийн килсан йуккъера нартол ишттачу схемица йина, цуо аьтту бира архитекторан нартол йолалучохь пӀендаршна йукъахькораш дан.Сийлахь Петран килсан коьрта нартол а иштта кеп йолуш йу.

Цацан нартол-четар. ДК «Эла Александр Невский». Петарбух

ГӀараевлла нартолийн конструкцеш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Константинополера Сийлахь Софин килсФлоренцера Сийлахь Санта-Мария-дель-Фьоре килсПетарбухера Исаакиевн килсОитера стадионРелайант Астродом стадион
Дуьненара уггаре йаккхийчех нартолаш историн тайп-тайпанчу муьрашкара
ШоДиаметрЦӀеЛаьтта меттигЙинаргБилгалдахарш
в. Э. 1250 шо хь. — в. Э. I бӀешо хь.14,5 мАтреян хазнаМикенаш, ЖелтойчоьАсан нартол
в.э. I бӀешо хь. — в.э. 19 шо хь21,5 мМеркурийн килсБайи, ИталиРуман империХьалхара монументан нартол
в.э. 19 шо хь. — II бӀешо долалуш25,0 мАгриппин термашРум, ИталиРуман империРумера коьртачу гӀишлон нартол лелийна хьалхаратермаш
II бӀешо долалуш — 128 шо30,0 мТраянан термашРум, ИталиРуман империАхнартол
128—143643,4 мПантеонРум, ИталиРуман империДуьненахь уггаре йоккха арматура йоцу бетонан нартол (тахана а йац цул йоккха)
1436—188145,52 мСанта-Мария-дель-ФьореФлоренци, ИталиФлоренцин архиепархиДуьненахь уггаре йоккха киран берамца кибирчиг йуьллуш йоьттина нартол (тахана а йац цул йоккха)
1881—190246,9 мДевонширера паччахьан госпитал[en]Бакстон, Йоккха БританиCotton Famine Relief Fund
1902—191359,45 мУэст-Баден-СпрингсУэст-Баден-Спрингс, АЦШLee Wiley SinclairБолатах а, аьнгалих а йина нартол
1913—193065,0 мБӀешеран залВроцлав, ПольшаГерманин империНартол эчигбетонах
1930—195565,8 мЛейпцигера базаран гӀишлоЛейпциг, ГерманиНартол эчигбетонах
1955—1957101,5 мBojangles' Coliseum[en]Шарлотт, АЦШThompson and StreetНартол конструкцин болатах
1957—1965109 мBelgrade Fair[en]Белград,СербиBelgrade FairДуьненахь уггаре йоккха нартол буламе бетонах йина
1965—1975195,5 мРелайант АстродомХьюстон, АЦШH.A. Lott, Inc.
1975—1992207 мМерседес-Бенц СупердоумНью-Орлеан, АЦШBlount InternationalГур конструкцин болатах бу
1992—2001256 мДжорджи стадион[en]Атланта, АЦШБрэнсфилд а, Горри а[en]Тенсегрити тайпана конструкци
2001—2009274 мСтадион Оита БэнкОита, ЯпонКисё КурокаваДӀашерша тхов
2009 — тахана а275 мКовбойз СтадионАрлингтон (Техас), АЦШHKS, Inc.[en]ДӀашерша тхов

Нартол динехь

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Нартолаш лоцу ладаме меттигкерсталлин а,бусалбачеран а архитектурехь. Дукхаха йолуправославин килсанаш а, бусалбанийн маьждигаш а, ткъа иштта дуккха акатоликаллин килсанаш а тӀехула нартолаш йолуш йу.

Дукхаха долчу динашкахь нартолан доккхусийлаллин маьӀна до. Иштта,православехь нартол Стигларчу Паччахьаллин сийлалла йу, цара цу тӀе суьрташ а дохку Дела ву, маликаш ду олий.

Исбаьхьаллехь

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Нартолан бух тӀиехь йина конструкцеш

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Тандыр

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Тандыр

Тандыр Азин къаьмнийнКуьрк-пеш йу, цуьнан хуьлухӀоан кеп, тера хуьлу ламастанкхабанах лакхахь гоьрга Ӏуьрг долуш. Тандыр шен лакхарчу декъехь — нартолан конструкци йу, кхин тӀе нартол чухула ладаме меттиг а йу: оцунна тӀе туху боккха буткъа чӀапа бод; довхачу хӀаваэхь деттанчул тӀаьхьа атта схьадолу чоьхьарчу пена тӀиера. Дукха йаккхий тандыраш а хуьлу; наггахь уьш йалта, кхин хӀума а лело меттиг санна лелайора, кхин а — тӀом болуш зударий, бераш ловчкъа меттиг санна а хуьлура. Тандыро шира архитекторийн ойла тӀейахийтинна хила, тера ду, нартолаш йаккхий гӀишлошна йан.

Гумбаз

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Гумбаз

Туркойчохь,Иранехь, кхин цхьа могӀаЙуккъера Азин пачхьалкхашкахь «гумбаз» олу нартолан конструкцех, уьш шуьйра лелийна гӀишлошйарехьсардобаш,ковра-божалаш,зияраташ,банеш, кхин дуккха а гӀишлош йеш. Нартол-гумбаз йаран говзаллаАзехь кхаьчна кхачамалле. Нартолийн тхевнаш баран Азера говзалла кхаьчна цхьаццаАфрикин кӀошташка. Йерриг гумбазаш йуттура башхакибирчиг йоттаран хьесапца. Иза далора ша-кепара кибирчиг йаран технологица, кибирчиг йуьллу берам башха йоттаран хьесапца уьйр йолуш, оьшучехь лелайора лакхара исбаьхьаллин нартол кечйаран материалаш. Дерриг оцу хӀумано таро лора даккхий тхевнаш дан, гумбазан геометрин кепаш бес-бесара йан, механикин ондаллин а, цецвоккхуш дукха латтаран а конструкцеш йан.

Азин цхьа могӀа ламастахь а, оьздангаллехь а гоьрга нартол-гумбазо Дуьненан сийлалла гойтура — адаман бӀаьрган буса го стигал. Килсан классикан кеп хилира дуьненан йиъ агӀо гойту къуб, иза гоьрга нартол-гумбазца къовлура. Оцу тайпана классикан гӀишло йу дуьненан гӀишлош йаран исбаьхьаллин хазнаБухарераСаманидийн зиярат.

Сардоба

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Сардоба

ЧӀогӀа ша-кепара йу, архитектурехь а, инженеран а, гишлошйаран а практикехь кхин йоцу йусардобан конструкци — Азехь къевлина молу хи латто меттиг. Кхузахь дукха хьолахь нартол-гумбаз хуьлу тоьуш йолу архитектурин феномен, иза кхуьу дешна лайн, догӀан хи гулдечу меттигехь. Наггахь сардобе даладорататолашца йакяризашца хи. Нартол-гумбазан сардобехь масех функци хуьлура: бассейн чуьра мола хи ченах а, ченан мохех а Ӏалашйар, бассейн тӀехула ӀиндагӀ дар хи Ӏаьнаре ца далийтархьама. Цхьацца гуонахьа галерейш йолу сардобашкахь, сардобан нартолаш кӀелахь дийнахь садаӀа совцура новкъахой, йовхачу хенахь некъ ца балора, кхузахь нартолан ӀиндагӀехь хин уллохь, буьйса йулийтий шелонехула йуха новкъа бовлура, гӀум-аренашкахь ковранаш аьхкан заманахь буса бен ца лелара. ГӀунаш, кяризаш, татолаш санна сардобаш мола хи латтадора новкъаца, ткъа цхьацца меттигехь иза бен хин хьост а ца хуьлура. Сардоб йоцуш ойла а ца йалора йохк-иэцаран а, новкъан а. Хьалхарчу а, Йуккъерачу а Азин, ткъа иштта Африкин цхьа могӀа пачхьалкхийн экономика а, транспортан логистика а XX бӀешо йуккъе даххалц еккъа сардобан хица хьашташ кхочуш дора. Оцу ширачу заманан гидротехникин говзаллин хазно деккъа ша хиларца а пачхьалкхийн а, къаьмнийн историйн тӀаьхьало йора. Сардобах архитектурин гӀишло хилира, ткъа нартоло йерриг гӀишлон эстетикан чам тобора, иза коьрта конструктиван а, гаран а дакъа дара цуьнан технологин иэшар бахьнехь.

Азин къаьмнийн архитектурин оьздангаллехь гумбазаш доккха маьӀна долуш йу: цхьаьна агӀора — тайп-тайпана гӀуллакхашна лерина хӀусамашна аьтту болуш а, технологин конструкци а йу, кхин тӀе хаза а йу, дукха хьолахь — гӀишлон куьцехь уггаре коьртаниг йу. Гумбазо кхузахь ши функци кхочушйо: лахара чухоаман тхов а, эстетикан, идеологин, конфессин маьӀнехь, — хаза гаран функцис Ӏаткъам бо хьажархошна шен куьцаца. Дуьненан архитектурин тӀаьхьалонехь уггаре гӀарайаьллачех гумбаз йуСамаркандераГур-Эмиран кошан нартол.

Сардоб а, гумбаз а вовшен гергара нартолан конструкцеш йу, Азин аренашкахь дуьнен тӀеевлла, иштта, Малхбузан архитектурин ламастехь йу пурхнехьа дуьхьалонаш а: тӀех сов атта а, абсолютан а сардобан нартолан функционаланархитектоника, хаза, бес-бесара гумбазан кепаш а,декор а — динан а, мемориалан а гӀишлошна муххале а, дукха хьолахь — йаккхий, айина «тӀекхочур воцучу лакхене», лепаш Малхбалехь дукха безачу сийначу бесансмальтан а, айсийначуэкъан а.

Яранга

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Яранга

Сибрехан Къилбасела-Малхбален къаьмнийн ламаста, йайн гуран-нартолан вовшахтосу-вовшахйоккху конструкцин дӀасхьалело хӀусам. Атталлийца а, функцийца а шех тера кхин йоцу инженерин конструкци, аьтту бо адамийн баха а, болхбан а чӀогӀа луьрачу климатан лахарчу температурийн, лаьтта таьӀна хӀаваийн, чӀогӀа мехаш, дарц, лайш долчу хьолашкахь. Ярангин конструкцис иштта Ӏалашбо чухула болу нах акхаройх. Ярангех тера нартолийн конструкцеш йу Тийна океанан бердашкарчу къаьмнийн хӀусамийн; и нартолаш йина дийнатийн цӀоканех, гур бо китан а, океанан кхин даккхийчу дийнатийн даьӀахкийн бух болуш.

Иглу

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Иглу

ГӀортола йоцу нартол йо чордалайх йашех йаьхначу блокех — ламаста дахаран гӀишло йу эскимосийн. Ша-кепара, цхьанне хӀуманах тера а йоцу гӀортол йоцу нартолан конструкци, йина «цхьа йоцучу хӀуманех» башха, оцу гӀишлон бен йоцучу технологица. Иглу йан иштта атта а дац: оьшу билгалчу кӀоргаллин а, чӀогӀаллин а лайн чкъор — «детта ло», кхин а дика —фирн. Лайх йаьхна йеакӀуон кибарчиган блокашна зайла кепара куц до, тӀаккха блокаш дӀайутту мелла а чоьхьа таӀош; эвнашна чу лот уху йа хьокху. Нартол «къора» йо; чуволу Ӏуьрг классикан вариантехь цӀенкъал лахахь доккху, нартол кӀелхьара йовхо дӀа ца йахийтархьама. ХӀаваъ шен кристаллех дузуш долу чӀогӀа мехаш, баабо иглун мох болу агӀо, цундела и пен стомма бо, йа — ша лаьтта мехах ларвен пен буту лайн блокех.

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Нартол:

Хьажоргаш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
  • Власов В. Купол // Новый энциклопедический словарь изобразительного искусства: В 10 т. — Спб.: Азбука-классика, 2006. — Т. IV. — 751 с.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
  1. Брунов Н. И. Очерки по истории архитектуры. Том 1, стр.322-330
  2. А. В. Галанин, Купола и главы храмов, 2010
  3. Зарудный Н. Памяти друзей. С. Н. Падюков // За Россию. — 1994. — N 1(300) — 1994. — С.2.
  4. Новгородский кафедральный Софийский собор. — Новгород: Тип. Губернского правления, 1886. — С. 3.
  5. Военно-авиационный словарь, Москва, Воениздат

Литература

[бӀаьра нисйан |нисйан]
  • Бартенев И. А. Конструкции русской архитектуры XVIII—XIX вв.: Учеб. пособие. —Л., 1982.
  • Сомов А. И.,Таненбаум А. С. Купол // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). —СПб., 1890—1907.
Хьост — «https://ce.wikipedia.org/w/index.php?title=Нартол&oldid=10105700»
Категореш:
Къайлаха йолу категореш:

[8]ページ先頭

©2009-2025 Movatter.jp