Лолла[1] — адам кхечу адаман (элан а, лешбацорхочун а, хьоладен а) я пачхьалкхан долаллехь хилар магош йолу йукъараллин юкъаметтигийн система ю. Тохара йийсархойх а, зуламхойх а, декхарш долчу нахех а бора лайш. ТӀаьхьо цу могӀанна юкъатуьйхира мехкан бахархой а. Цара хьоладена болх бора. Цу кепара лолла даьржина дара 20 бӀешо долале. Ткъа цхьайолчу Ӏаьрбойн а, африкахойн а пачхьалкхашкахь хӀинцале а долуш ду.
ТӀаьххьарчу заманахь дукхахйолчу пачхьалкхашкахь лолла зулам санна лоруш ду, оцу пачхьалкхийн низамца магош дац. Лоллин дух (зулам хиларе терра) ду лай паргӀатонах а, ирсе тӀаьхьенах а баккхар.
Лолла магош йолу пачхьалкхашкахьлеш бацабен пачхьалкхаш олу[2].
Историл хьалхарчу хенашкахь адаман зуьрет (цивилизаци)[3] даьржичхьана лолла долуш дара. Дукхахьолехь цигахь лолла социалан кепе дирзинера (дерзина дара). Таханлерачу дийнахь лоллин бехкам бина дерриг а дуьненан пачхьалкхашкахь (тӀаххьара лолла ца магош Ӏедал тӀелаьцна 1981-чу шарахь[4]Мавританехь, делахь аде-факто и бехкам ларбеш бац).
Цхьаболчарна хетарехь, таханлерачу дийнахь лоллах къасталур боцу хиламаш бу, масала гӀопан бакъо а, салтий-бераш а, адамаш дохк-эцар а, арме кхайкхар (эскаран лолла) а, нуьцкъала маре я зуда ялор а[5]. Ишттачу зерашца, таханлерачу дийнахь лоллин хьолехь 20 миллион тӀера 60 миллион кхаччалц адам ду[6][7][8].
- ↑Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 500
- ↑Рабовладельческое государство // Юридический словарь / Гл. ред.: С. Братусь, Н. Казанцев, С. Кечекьян, Ф. И. Кожевников, В. Ф. Коток, П. И. Кудрявцев, В. М. Чхиквадзе. —М. : Гл. изд-во юридической литературы, 1953.
- ↑Historical survey.Slave-owning societies (англ.).Encyclopædia Britannica.Архивировано 23 февраля 2007 года.
- ↑Mauritanian MPs pass slavery law (англ.).BBC News (9 August 2007).Дата обращения: 20 апреля 2019.
- ↑Modern forms of slavery. — In: Modern slavery : [англ.] // Etnics Guide. — BBC, 2007. — 30 January.
- ↑Gould, J. J. Slavery's Global Comeback.150 years after the Emancipation Proclamation, more people than ever are bought and sold into forced labor. What "human trafficking" really means (англ.).The atlantic (19 December 2012).Дата обращения: 20 апреля 2019.
- ↑INAUGURAL GLOBAL SLAVERY INDEX REVEALS MORE THAN 29 MILLION PEOPLE LIVING IN SLAVERY (англ.) (недоступная ссылка).Global Slavery Index 2013 (4 October 2013).Дата обращения: 20 апреля 2019.Архивировано 7 апреля 2016 года.Копия: Inaugural Global Slavery Index Reveals More Than 29 Million People Living in Slavery (англ.).Nick Grono (17 October 2013).Дата обращения: 20 апреля 2019.
- ↑Almost 36m people live in modern slavery — report.Nearly 36 million people worldwide, or 0.5% of the world's population, live as slaves, a survey by anti-slavery campaign group Walk Free says.BBC (17 ноября 2014).Дата обращения: 20 апреля 2019.