Тармадалита
Киото — Японин гӀаланах.
Ки́то (испан. San Francisco de Quito ) —Эквадоран коьрта шахьар, кхин а политикин, экономикин, оьздангаллин йукъ, цӀе тиллина шираиндахойн киту тайпанах. Бахархойн барамца (Гуаякилал тӀаьхьа) Эквадоран гӀала.1978 шарахь Кито а,Краков а хилираЮНЕСКОн Дерригдуьненан оьздангаллин тӀаьхьенан испискин йукъатоьхна хьалхара гӀаланаш.
San Francisco Plaza, Кито ГӀала йиллина 1534 шарахь испанхоша индахойн йуьртан меттигехь, цӀе тиллина индахойн тайпананкитун [ 1] этнонимах .
Кито лаьттаКъилба Америкин къилбаседа-малхбузен декъехь,Андаш лаьмнашна йуккъера чутаьӀенехь,Пичинча тӀапломан къилба басенехь, хӀордан тӀегӀанал 2818 м лакхахь. Гала лаьттаэкваторал 24 км къилбехьа. ГӀалин майда 290 км² гергга йу.
Кито йиллина тӀапломан чим тӀехь, цуо сихха дӀахӀуду тӀуналла. Цуо хала кхуьийтаЭквадорехь алсама лелайо орамаш. ГӀалин гергара латтанашиндахоша XV бӀешарахь даьхний дажадарна, хӀинца Китон йисташкахь лохий коьллаш бен ца кхуьу, къе хьаннаш а йолуш.
Китон йисташкара дийнаташ цхьацца кепарарептилеша а,олхазарша а, цӀий муьлубирдолагаша а, кӀеззигдекха дийнаташа а бен ца гойту.
ГӀалахь болх беш йусиха лела автобусан транспорт «Red Integrada de Transporte Público». Цуьнан аса гӀалех чекхйолу къилбаседехьара къилбехьа, йекъна кхаа декъе: троллейбусан «баьццара аса» гӀалин йуккъехь, «цӀен аса» къилбаседа-малхбален декъехь, «сийна аса» къилбаседа-малхбузен[ 2] , болх беш йуметро [ 3] .
2012 шеран августехь муниципалитето дӀайиллинацхьаьна «Bici Q» вилсапеташ лело система [ 4] [ 5] [ 6] .
Дуьненайукъара аэропорт Кито —Марискаль Сукре [en] — лаьтта гӀалин йукъан 18 км генахь, Табабелин приходехь. Иза болхбан йолайелла 2013 шарахь, гӀалин чохь йолу шира аэропорт хийцина.
Кито лаьттасубэкваторан климатан асанехь. Амма хаъал гӀала хӀордан тӀегӀанал лакхахь хиларна цигахь тропикин тов ца хуьлу, ткъаэкваторна гергахь хиларна жимйо шеран температураш шарахь лестар, иза дерриг шеран дохаллехь лаьтта +13…+15 °C. Амма цуьнца цхьаьна хаало йоккха башхалла дийнан а, буьйсанан а температурашна йукъахь. Шеран йуккъера максимум хуьлу +19,3 °C, шеран йуккъера минимум хуьлу +9,8 °C.
Китон махкахь хуьлуу 1200 мм герггайочанаш шарахь, коьртанигсентябрера май кхаччалц тӀекхоьссина догӀу догӀан кепара.
Китон амалехь ду догӀанийн шеран зама а, йекъа зама а. ДогӀанийн хьалхара зама лаьтта декабрера март кхаччалц, шолгӀа — июнера сентябрь кхаччалц. Йекъачу заманах гӀала йиллина йу къилбехьара шийлачу механна, оцу муьрехь наггахь де-бусанан йуккъера температура хуьлу +10 °C гергга. Наггахь гӀоролаш а хуьлу, амма ло ца хуьлу, хӀунда аьлча оцу муьрехь йочанаш ца хуьлу ала мегар ду.
Китон климат Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо Юьззина максимум, °C 29 26 32 25 30 29 31 25 29 25 29 29 32 Юккъера максимум, °C 19 19 19 19 19 19 20 20 20 20 19 19 Юккъера температура, °C 14 15 15 15 15 15 14 15 15 15 14 14 Юккъера минимум, °C 10 10 10 10 10 10 9 9 9 10 10 10 Юьззина минимум, °C 1 0 0 0 1 0 1 1 1 1 0 1 0 Йочанан норма,мм 114 130 152 175 125 48 20 25 79 127 109 104 1209 Хьост: Meoweather[ 7] , Weather Channel[ 8]
Коьртачу урамех цхьаъ «Авенида Венесуэла» «Тхан накхоша довха цӀогӀа детта, — цара маршалла хоьтту хьоьга, лийр йоцу гӀала!» (гӀалин шатлакхан иллин хьалхара могӀарш).
2005 шарахь бахархой багарбарца, Китохь веха 1 856 501 стаг. Кито —Эквадорехь шолгӀа гӀала йу бахархойн барамца, цул сов вахархоСантьяго-де-Гуаякиль гӀалахь бен вац. Къоман хьесапца Эквадоран коьрта шахьран бахархой дукха кепара а, дикка ийна а бу. Пхеаннах ши дакъа — индахойкечуа бу, ши дакъа — испанхой-индахойнчӀаьнкъа бу, цхьа дакъа гергга —хӀуӀаьржаш бу, дисина жима дакъа —европин а,азин а мехкашкара схьабевлларш бу.
4 % гергга бахархой йеша-йаздан хууш бац. ГӀалара дукхаха болу бахархойкерстанаш-католикаш бу.
Кито йиллина1-ра эзар шарахь ,киту тайпанан йукъ йара, цара 980 шарахь гергга къардира кара къам. XV бӀешарахь иза йаьккхираинкаша .
ГӀалин дуккха а урамалгех цхьаъ гар 1534 шарахь капитанаСебастьян де Белалькасара тӀаьхь шира индахойн гӀала йолу мохк баьккхира, цигахь йиллира испанхойн йуьрт Сан-Франсиско-де-Кито. ХроникахочоСьеса де Леона ма-чӀагӀдарра: «Себастьян де Белалькасара йиллира нах ховшийра [испанхой], ткъа тӀаьхьа Паччахьалла Перун а, Керла Кастили провинцин а губернатор а, капитан-инарла а волу аделантадо донФрансиско Писарро волуш, 1534 шарахь Ӏийса пайхамар винчура схьа, губернатор а,аделантадо а хилираПопаян провинцин, вайн элин, императоран дон Карлосан цӀарах». Формалан гӀала йиллина Белалькасар Кито шолгӀа веинчул тӀаьхьа 1534 шеран 6 декабрехь муниципалан акт хӀоттийначул тӀаьхьа. ГӀалин Ӏедал лело хӀоттийра 2 алькальд, 4 рехидор, 1 нотариус. ТӀаьхьуо гӀалин цӀе лело йолийра йацйина вариантехь. 1541 шарахь йуьртах гӀала йира. 1563 шарахь гӀалахь кхоьллира Сенат а, Паччахьан Аудиенси а, хьалхара президент хилираФернандо де Сантильян .
Коьрта шахьрахь а, гуонахьара меттигашкахь аиспанхой сов бевлча, жигара охьатовӀо болийра индахой, иза чекхделиралолла хӀотторца. 1592, 1765, 1809 шерашкахь гӀовттамаш хилираиспанхойн мохкбаккхархошна дуьхьала.
1822 шеран 29 майхь коьртехьБоливар Симон волу гӀаттам толамца чекхбелира, тӀаккха мацах цкъа испанхойн колони хилла Китос кхайкхийра шайн пачхьалкхйозуш цахилар , цул тӀаьхьа 1826 шарахь йукъайахараСийлахь Колумбина .
Президентан гӀала. ГӀалин Къилба декъера урам Китохь цхьаьна йу дукха ламасташ а, оьздангаллаш а. ГӀалинархитектура билгалйолу гармоница йуьйцина испанхойн, голландхойн, цхьаццанхьа индахойн гӀишлойн хатӀца.
Ша гӀала лаьтта шунаш долчу меттигехь, боккхийра шунаша йекъна кхаа декъе: йуккъера декъехь лаьтта колонин муьрера шира гӀарамузейшца а, иэсашца а; гӀалин къилба декъехь коьртаниг белхалойн классан хӀусамаш а, промышленностан предприятеш а; къилбаседа дакъа — ХӀокху заманан Кито — дуккха а финансийн йаккъаш, универтуькнаш,банкийн а, йеза а гӀишлош. ГӀалин къилбаседа декъехь лаьттара Кито гӀалин ДуьненайукъараАэропорт , хӀинца дехьайаьккхина Табабела приходе.
Медведев Олеган «Эльдорадо» эшар[ 9] йолало "Ӏа дика йойла, набаран Кито..." могӀанца йолало.оьрсийн маттахь кхечу меттанашкахь W. B. Stevenson (ингалс.) нохч. Quito // Historical and Descriptive Narrative of 20 Years' Residence in South America(ингалс.) . — London: Hurst, Robinson, and Co., 1825.José Toribio Medina . La imprenta en Quito (1760-1818) (испан.) . — Santiago de Chile: Imprenta Elzeviriana, 1904. (Annotated list of titles published in Quito, arranged chronologically)"Quito",Encyclopædia Britannica (11th ed.), New York, 1910,OCLC 14782424 — Internet Archive {{citation }}:Внешняя ссылка в|chapterurl= (справка ) ;Неизвестный параметр|chapterurl= игнорируется (|chapter-url= предлагается) (справка ) Википеди:Обслуживание CS1 (отсутствует издатель) (ссылка ) A.A. MacErlean. Quito // Catholic Encyclopedia (бил-боцу.) . — New York, 1911.Nicholas P. Cushner. Farm and Factory: The Jesuits and the Development of Agrarian Capitalism in Colonial Quito (ингалс.) . — State University of New York Press, 1982. —ISBN 978-0-87395-570-6 .Metropolitan Planning and Management in the Developing World: Abidjan and Quito(ингалс.) . — Nairobi: United Nations Centre for Human Settlements (Habitat), 1991. —ISBN 9211311802 . Kris E. Lane. Quito 1599: City and Colony in Transition (ингалс.) . —University of New Mexico Press (ингалс.) нохч. , 2002. —ISBN 978-0-8263-2357-6 .Quito (бил-боцу.) . Understanding Slums: Case Studies for the Global Report 2003 . United Nations Human Settlements Programme and University College London (2003). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 6 декабрь. Архивйина 2018 шеран 12 июлехьАрхивйина 2018-07-12 —Wayback Machine David Marley. Quito // Historic Cities of the Americas: An Illustrated Encyclopedia(ингалс.) . —ABC-CLIO , 2005. —ISBN 978-1-57607-027-7 .Фото, видео и аудио Дошамаш а, энциклопедеш а
Библиографин каталогашкахь
Кито