Movatterモバイル変換


[0]ホーム

URL:


Чулацаман тӀегӀо
Википедимаьрша энциклопеди
Лахар

Глаголица

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

АгӀонан версин статус

Карара верси

Глаголица
Йозанан тайпаАбат
Меттанашшираславянийн,килсаславянийн, хьалхараславянийн меттанаш
Кхолладелла меттигМалхбален Европа
КхоьллинаргКирилл а, Мефодий а
Кхоьллина терахь862
МурIX бӀешо
Йозан агӀоаьрру агӀонера аьтту агӀохьа
Схьадалар

Финикийн

Желтойн
Юникодан диапазонU+2C00–U+2C5F
ISO 15924Glag
Йозан масала
Хьажа ишттапроект «Лингвистика»
Глаголин «Зографан Инжил», X—XI бӀешераш

Глаго́лица — дуьххьарлера славянийнабат. Кхоьллина IX бӀешерашна йуккъехьвизантийн дин даржош волчуКирилла динан гӀуллакхан тексташжелтойн маттараславянийн матте гочйархьама.

Хьалхара истори

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Кирилл а, Мефодий а

IX бӀешеран йуккъехьСийлахь Морави олалла хӀаллак хила герга йахара.Франкашна а,болгарашна а йукъахь мохк бекъна хиларан кхерам бара.Малхбален-франкийн паччахьах маршоне гӀерташ, моравий элаРостислава лаьхкира баварин мозгӀарш,Руме папаНиколай I-ра волчу шайн мозгӀарш кечбан хьехархой бахкийта аьлла дехарца векалш хьовсийра. Папас дехарна жоп ца делча, Ростислава862 шарахь векалшВизанте хьовсийра, хьехархой, мозгӀарш йаепископ боьхуш, уьш декхарийлахь бара цуьнан пачхьалкхехь шайн килсан урхаллан бух билла[1].Кесарь Вардас а, патриархФотийс а барт бира кхайкхаман жоп дала. Дин хьехаран коьрте хӀоттийра Кирилл — Фотийн хилла дешархо а волу, накъостех цхьаъ а волу, иза хьоьхуш вараМагнавран лакхарчу ишколехь, цуьнан ваша Мефодий, оцу хенахь —Жима Азин килсан тӀехӀоттийна хьехамча вара[2].

866 шо кхаччалц Моравехь Ӏийна, Кирилла а, Мефодийс а кхоьллира германийн епископатах йозуш йоцу славянийн килс, гочдира дин гӀуллакхийн текстийн цхьа дакъа Моравехь болчуславянийн матте, оцу Ӏалашонца кхоьллира лерина абат,глаголица[3] цӀе а тиллина. Дукха хьолахь, иштта болх Килсано къобал ца бора[прим. 1], хӀунда аьлча Европин «варварийн» къаьмнийн меттанашкахь далла гӀуллакх дар лорураӀосалла. АммаПапас къобал бира Кириллан а, Мефодийн а болх[3].

Кхолларан истори

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Хьалхадин кхайкхочарех цхьаберш гӀиртира динан болх гочбан славянийн матте, оцу белхана желтойн йа латинан абат а лелош, амма цунах гӀуллакх ца хилира, хӀунда аьлча славянийн маттахь дукха аьзнаш дара, ткъажелтойн а,латынан а абаташкахь оьшу элпаш дацара. И халонаш бахьнехь Кирилл волавелира славянийн абат йан, болуш болу кечам а лелош. Динан гӀуллакхан тексташ гочйеш вежарша лелийра желтойн дешнаш, славянийн меттанашкахь аналог ца карийча. И болх бечу хенахь цара кхоьллира массо а славянаш кхеташ болу литературин мотт. Нисса и мотт бушираславянийн мотт санна бевзаш берг[4].

«Кириллан дахаро» иштта дуьйцу славянийн абат кхолларх:

«Шен вешин сийлахь Мефодийн (Михаилан) а, цуьнан дешархойнГораздан,Климентан, Савван,Науман,Ангеляран гӀоьнца, цуо хӀоттийра славянийн абат, славянийн матте гочдира уьш ца хилча Динан гӀуллакх дан лур доцу жайнаш[5].»

Уггаре шира, тӀаьхь нисса терахь а долуш, дисина глаголийн йоза,893 шерера ду, йаздина болгарийнпаччахь СимеонанкилсахьПреславехь. Шира куьйгайозан иэсаш (царна йукъахьX бӀешеран терахь тоьхна «Киевн кехаташ») йаздина ду глаголицийца, кхин тӀе йаздина ду ширачу маттахь, шен фонетикан хӀоттамца къилба славянийн меттанашна гергара.

Башчанан (Бошканан) экъа — уггаре евзаш йолу глаголицин иэсех ширачех цхьаъ, XI бӀешо
Файл:Пример поздней глаголицы.gif
ТӀаьхьарчу глаголин текстан агӀо (XX бӀешо)
Глаголин граффитиЗагребехь, 2003 шо; гӀалаташ хиларна, йаздечуьнан бӀаьргашна дуьхьала кириллицан-глаголицан элпаш, амма кириллица гӀуо хууш хилла
Файл:Glagolitsa Zagreb.jpg
Загребера кафедран килсера глаголицан йоза

.

Глаголица дукха шира хилар гойтупалимпсесташ (тӀиера текст дӀайайина, цунна тӀехула керланиг йазйина пергамент тӀиера тептарш). Массо а дисинчу палимпсесташ тӀиера глаголица дӀа а дайинакириллицица керла текст йазйина. Цхьан а палимпсест йац, шен тӀиера кириллица дӀа а дайина глаголица йазйина.Черноризец Храбран «Йозанех лаьцна» трактатехь (X бӀешеран йуьхьиг) билгала доху желтойн элпаш а,Кириллан а, Мефодийн а (хетарехь глаголица йу) элпийн башхаллаш:

«Оцу славянийн, везачу стага дина долу, алссам сий долу йозанашна, ткъа желтойн — эллинаш боьхачара. Нагахь цхьамма алахь, беркат ца мегга, хӀунда аьлча тодеш ду иза хӀинца а, дуьхьала эра ду вай царна: желтойнарг а дуккха тодина.»

Далинчу цитатан маьӀна дан мегар ду Кириллан а, Мефодийн а абатан реза боцуш нах хилла хиларх, цундела кириллицин дехьа бовлар нисделла.

Новгородан йозанчоУпырь Лихойс шен 1047 шарахь тӀейаздинчу йозанехь чӀагӀдо, ша йуха йаздина «Кхетаме пайхамарийн» жайнаш «кирилавицера». Оцунан маьӀна къийсаме ду, амма уггаре даьржинарг маьӀна ду, глаголицин оригинал тӀиера исписка яр (иштта, XI бӀешерийн йуккъехь Русехь глаголица девзаш хилла «кириловица/куриловица» аьлла, ткъа хьалхара мукха аз хийцар Кирилл цӀарехь дика девзаш ду).

ТӀаьхьарчу глаголицин абат (XX бӀешо).Буквицаш а, элпаш а[6]

"Кириллан дахарехь"Константина (Кириллас) Философа глаголица цхьаьна ширачуславянийн рунийн йозанах кхоьллина ойла хаало, ткъа иза лелош хилла санна деланийн а, дуьненан а Ӏалашонна славянийн пачхьалкхашкерсталла тӀеэцалц; кхеташ тешалла оцунна дац.

Руман-католикийн килсохорваташна йукъахь славянийн маттахь гӀуллакх дарна дов латтош глаголицех олура «готийн йозанаш».1059 шарахь Далмацехь а, Хорватехь а епископийн гуламехь:

«Дуьйцура, готийн йозанаш дагадаийтина цхьаьна Ӏеса стага Мефодийс, цуо оцу славянийн маттахь йаздина дуккха а харц хӀуманаш католикийн динан Ӏилманан дуьхьала; и бахьнехь, дуьйцу, цунна Делан кхиело таӀзар дина сихха валарца[7].»

Хьалхарчу глаголицин (гоьрга) элпийн куц цхьаццанхьа цхьаьна догӀу гуьржийн килсан абатцахуцурица, иза кхоьллина IX бӀешо кхачале, тарлоэрмалойн абатан бух тӀехь яр. Цу тӀе хуцурин элпийн барам, 38, нисло славянийн абатан элпийн барамца, дагардинаЧерноризец Храбрас шен трактатехь. Иза дерриг ца хууш нисделла хуьлийла дац, хӀунда аьлча, сий. Константин Философан дика евзаш хилла малхбален абаташ (доьшура ширажуьгтийн тептарш оригиналехь), иза хьахийна сийлахьчун дахарехь. Глаголицин дукхаха долу элпийн йаздар дукхах дерг доккху желтойн сихайаздарера, ткъа желтойн доцу аьзнаш оьцу жуьгтийн абатера элпаш, амма къовсам боцуш кепийн кхетам формы цхьанне аьлча санна элпийн бац.

Глаголицин а, кириллицин а абаташ шайн ширачу варианташкахь ерриг аьлча санна цхьаьна йогӀу шайн хӀоттамца, къаста ца ло элпийн кепашца бен. Типографин хьесапца глаголицин тексташ йуха арахецарехь хуьйцу кириллицица (хӀунда аьлча кӀезгачу нахана хаьа глаголица еша), амматерахьийн абатан йоза глаголицин а, кириллицин а цхьаьна ца догӀу, наггахь цакхетарш а хуьлуш. Глаголицехь терахьан элпийн маьӀна нисдина элпийн низамца, ткъа кириллицехь уьш дихкина терахьийн маьӀнашца ишттачужелтойн абатан элпашца.

Дукха хьолахь йуьйцу глаголицин ши кеп: широ йолу «гоьрганиг», ткъа иштта болгарийн олуш йолу, тӀаьхьара поздней «сенийн», хорватийн (олуXX бӀешо йуккъе даххалц иза хорватийн католикашаглаголицин Ӏадатца динан гӀуллакх деш лелаяр бахьнехь). ТӀаьхьарчун абат тӀаьхь-тӀаьхьа йацйелира 41 тӀиера 30 хьаьрке кхаччалц. Цхьаьна могӀаршкахьуставан жайнинчуьнца дара кхин а глаголицинкурсиван йоза (сихайоза).

Ширачу Русехь глаголица чӀогӀа кӀезиг лелийна, кириллицица йаздинчу тептаршкахь нисло цхьацца йукъатоьхна глаголицин элпаш. 2000—2010-гӀа а шерашкахь А. А. Гиппиусан а, С. М. Михеевн а талламашца цхьа могӀа XI бӀешеран глаголицин йозанаш (коьртаниг цӀераш) карийнановгородан Софийн килсехь, царна йукъахь ийна глаголицица а, кириллицица а. Новгородера Рюрикан Городищера XII бӀешеранБеркаткхайкхоран килсехьграффитишна йукъахь карийна масех глаголицийн йоза, цхьаъ царех уггаре а девзаш долу глаголицин йоза ду Россехь[8][9]. Глаголица лелор хаалокъайлах йозанехь а.

Глаго́лица

Таблица

[бӀаьра нисйан |нисйан]
символсуртцӀетерахьан маьӀнабилгалдаккхар
Аз1
Буки2
Веди3
Глаголи4
Добро5
Есть6
Живете7
Зело8
Земля9
Ⰺ, ⰉI,IzheИже (І)10оцу элпех кириллицин И йа I муьлханиг муьлха ду, чоьтах талламхойн цхьа ойла йац.
І (Иже)20
Гѥрв30
Како40
Люди50
Мыслете60
Наш70
Он80
Покой90
Рцы100
Слово200
Твердо300
Ик
Ук400
Ферт500
Хер600
От700
Пѣ (Пе)800Гипотетикан элп, кеп тайп-тайпана йу.
Цы900
Червь1000
Ша
Шта800
Ер
ⰟⰊЕры
Ерь
Ять
ЁжГипотетикан элп (йот тоьхна Е йа О маьӀнийца), лигатуран йукъадеина — доккха йот тоьхна йус кепара.
«Гезигкепара» хьаьрк [х] озан. Цхьаболчу талламхоша лору, иза йукъадогӀуш хилла хилар йуьхьанцара глаголицин ша долу элп санна.
Ю
юс жиманиг
юс жиманиг йот тоьхна
юс доккха
юс доккха йот тоьхна
Фита

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
  1. Харрис, 2017, с. 171.
  2. Харрис, 2017, с. 172.
  3. 12Харрис, 2017, с. 173.
  4. Харрис, 2017, с. 174.
  5. Житие Мефодия и Кирилла, учителей Словенских
  6. Из книги: Vais, Ioseph,Abecedarivm Palaeoslovenicvm in usum glagolitarum. Veglae, [Krk], 1917 (2 ed.). Стр. VII.
  7. Цитата из Сплитского собора 1059 годаФома Сплитский. История архиепископов Салоны и Сплита. М.: Индрик, 1997. С. 48
  8. Археологи нашли в новгородском храме «стенгазету» XII века, 31.07.2017
  9. В Новгороде археологи нашли самую длинную глаголическую надпись в России, 31 июля 2017


Цитатийн гӀалат: Йолуш йолучу "прим." тобанан<ref> тегашна ца карийра йогӀуш йолу<references group="прим."/> тег.

Хьост — «https://ce.wikipedia.org/w/index.php?title=Глаголица&oldid=10073064»
Категори:
Къайлаха йолу категореш:

[8]ページ先頭

©2009-2025 Movatter.jp