Герма́ни ,Лоьмсойчоь (нем. Deutschland ), официалан цӀе —Федерати́вн Респу́блика Герма́ни (нем. Bundesrepublik Deutschland ),ФРГ (нем. BRD ) — ЙуккъерчуЕвропин пачхьалкх. Майда — 357 408,74 км²[ 11] . Бахархойн барам 31.12.2015 шо — 82 175 684 бахархой[ 12] . Дуьненахь бахархойн барамца 16-гӀа меттигехь йу (2-гӀаЕвропехь ) цул совнах майданца 62-гӀа меттигехь йу.
Коьрта гӀала —Берлин . Пачхьалкх —немцойн . 65 % герга бахархойкерста динлелош бу.
Пачхьалкхан дӀахӀоттаран кепца федеративан пачхьалкх йу цуьна йукъахь йу 16 административан-территорин дакъош —федералан латтанаш (Бавари а, Баден-Вюртемберг а, Берлин а, Бранденбург а, Бремен а, Гамбург а, Гессен а, Мекленбург-Хьалха Померани а, Лаха Саксони а, Рейнланд-Пфальц а, Саар а, Саксони а, Саксони-Анхальт а, Къилбаседа Рейн-Вестфали а, Тюринги а, Шлезвиг-Гольштейн а).Пачхьалкхан урхалин кеп йу —парламентан республика .
Европин бертан йуккъехь йу, Германин гонахьа буБалтийн а,Къилбаседа а хӀордаш. Дозанаш дуДаница къилбаседехьа,Польшца а,Чехица малхбалехьа,Австрица а,Швейцариа къилбехьа,Францица а,Люксембургца а,Бельгица а,Нидерландашца а малхбузехьа.
Дозанца йолу пачхьалкхаш: къилбехьа —Швейцари ,Австри , малхбалехьа —Польша ,Чехи , малхбузехьа —Нидерландаш ,Бельги ,Франци .
Германин топографии Германин къилбаседехьара дакъа шен заманахь кхолла ела аренан тогӀе йуКъилба-Германин тогӀе , уггар лахара тӀадам Нойендорф-Саксенбандехь буВильстермарш цӀе йолу коммунехь, хӀордан сизал 3,54 м лаха. Йуккъера декъехь тогӀена гӀоьрттина хьуьн йолу ламанан кӀажа йу, ткъа къилбехьо долалуш дуАльпаш (Германин латтан техь уггар лекха тӀадам бу —Цугшпитце цӀе йолу лам, 2 962метр ).
Дуьххьарашира германхой хьахийнаширчу грекийн а, румхойн а белхашкахь. Уггаре хьалха хьахийначех цхьаъ ду98 шо . Иза йаздина руман историкоТацита (лат. Tacitus ). ХӀинцалерачу Германин берриг мохкЭльбан малхбале (славянийн Лаба)X бӀешо кхаччалц дӀалаьцна йара славянийн тайпанаша[ 13] . (уллера хьажа:полабийн славянаш ).XII —XIV бӀешерашкахь и латташ доьд-доьдуш йукъадахара тайп-тайпанчу немцойн пачхьалкхийн кхолламашна, оцу хенахь хӀоттаман дакъаСийлахь-Йоккха Руман Империн . Хан мел йолу меттигерачу славянашна массарна а санна ассимиляци йира немцоша. И процесс йахйелираЙуккъера бӀешерийн чеккхенгара,керла зама йолаяллалц, ткъа меттигашкахь, тӀеххьарчу, хӀинца а йуьззина ассимиляци йанза долчу славянийн къоман —лужичахойн , хӀинци а йоьдуш йу.
Руман импери йоьхначул тӀаьхьаМалхбузан Европехь кхоллайелираФранкийн пачхьалкх , цул тӀаьхьа кхо бӀе шо даьлча,Карл Сийлахь-Воккха волуш, империи хилира (800 шо ). Карлан империс дӀалацнера хӀинцалерачу цхьа могӀа пачхьалкхийн мехкаш, царна йукъахь Германи а. Амма Карлан импери дукха ца лаьттира — оцу императоран кӀента бераш йийкъира иза шайна йукъахь, кхоллайелира кхоъ пачхьалла —Малхбуза-Франкийн (тӀаьхьа Франци),Малхбале-Франкийн (тӀаьхьа Германи),Йуккъера паччахьалла (сихха йекъайелираИталин ,Провансан ,Лотарингин ).
Германин пачхьалкх кхолларан ламаст хилла терахь ду962 шеран 2 февраль : оцу дийнахь малхбаленфранкийн паччахьанОттон I -чун таж а тиллинаРумехь ,Сийлахь-Йоккха Руман Империн император хилира; и импери лаьттара мехкийн (нем. Land ) конфедерацех, хӀоранна а дара шен эскар, арахоьцура шайн ахча. Сийлахь-Йоккха Руман Импери коьртехь лаьттара император, иза хоржура курфюрстийн кхеташоно, мехкийн векалийн меже йара, —Рейхстаг (нем. Reichstag ). ХӀора а махкехь йара сословин монархиландтаг (нем. Landtag ).
Иштта хьал лаьттира1806 шо кхаччалц,Наполеон I-чун Ӏаткъамца йохийраСийлахь-Йоккха Руман Импери , ткъа цуьнан император волавелира Австрийн императоран дарж лело. Немцойн пачхьалкхийн барм хаъал охьабелира, кхоьллираРейнан Союз , иза а йара иштта маьршачу мехкех лаьттачу конфедераци. Рейнан бертан коьртехь лаьттира Федералан Президент (иза вара Французийн Император) а, шеш долу мехкийн меже —Бундестаг (нем. Bundestag ) а.
Рейхстаг, немцойн парламентан резиденци, Бундестаг Германи
Федеральни канцлеран ведомство (Берлинехь)
Берлин
Майн-тӀера-Франкфурт
хьажа ишттаГерманин латтанаш
Германи йу — федеративан хӀоттам болу пачхьалкх; цуна йукъайогӀуш йу 16 цхьаттера бакъонаш йолу регионаш — латтанаш (land )
↑ Süsterhenn A. ,Heuss T. ,Schmid C. Artikel 20 (1) //Grundgesetz für die Bundesrepublik Deutschland (нем.) //Bundesgesetzblatt / Hrsg.:Bundesministerium der Justiz und für Verbraucherschutz —Bo :Bundesanzeiger Verlag , 1949. — Vol. 1949, вып. 1. — S. 1—20. ↑ Bundesrepublik Deutschland - Was heißt das? (нем.) ↑ http://www.rfhwb.de/Docs/Februar%20April%202012/FRG%20-%20obschaya%20inf.%2014.04.12.pdf ↑ "„Die zentralen Worte daraus, „Einigkeit und Recht und Freiheit", waren zum offiziellen Wahlspruch der BRD erhoben worden." - Peter Ebenbauer, Christian Wessely und Reinhold Esterbaue: Religiöse Appelle und Parolen: Interdisziplinäre Analysen zu einer neuen Sprachform, Kohlhammer, 2008, S. 84Online ↑ Цитатийн гӀалат:<ref> тег нийса йац; кхуES тIетовжаран текст йазйина йац ↑ Zensus 2011: Bevölkerung am 9. Mai 2011 . Retrieved 1 June 2013.↑1 2 Germany (бил-боцу.) . International Monetary Fund. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 1 октябрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь↑ Germany — Country profile of human development indicators ↑ http://rammb.cira.colostate.edu/dev/hillger/driving-customs.htm (инг.) ↑ § 3 Abs. 1 //Straßenverkehrs-Ordnung ↑ Bundesländer mit Hauptstädten nach Fläche, Bevölkerung und Bevölkerungsdichte am 31.12.2015, im Juli 2017 wegen korrigierter Fläche revidiert (бил-боцу.) .↑ AUF EINEN BLICK Bevölkerung (31.12.2015) (бил-боцу.) .↑ Племена Средней и Северо-Восточной Европы (VI—I вв. до н. э.) Архивйина 2010-04-30 —Wayback Machine
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду? :
Дошамаш а, энциклопедеш а
Библиографин каталогашкахь
Цитатийн гӀалат: Йолуш йолучу "прим" тобанан<ref> тегашна ца карийра йогӀуш йолу<references group="прим"/> тег.