Movatterモバイル変換


[0]ホーム

URL:


Чулацаман тӀегӀо
Википедимаьрша энциклопеди
Лахар

Бахьрайн

26°04′03″ къ. ш. 50°33′04″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бахьрайн
Ӏаьр.البحرين‎‎
БайракхХӀост
БайракхХӀост
Бахьрайнан Гимн
Маьрша йаьлла терахьаш14 август1971 (Йоккха Британех)
Официалан моттӀаьрбийн мотт
Коьрта гӀалаМанама
Йаккхий гӀаланашМанама
Урхаллин тайпаКонституцин монархи[1]
Монарх
Премьер-министр
Хьамад бин Ӏиса Аль Халифат
Халифат бин Салман Аль Халифат
Пачхь. динислам,суннийш
Латта
 • Шадерг766 км² (184-гӀа дуьненахь)
 • %хина тӀехле0%
Бахархой
 • Мах хадор1 343 000 стаг
ДЧС
 • Шадерг$34,908 миллиардов долл. (109-гӀа)
 • ХӀораннан а сина$29,146 долл.
АДКИ(2013)0,796[2] (ЧIогIа лакхара;48-гӀа меттиг)
АхчаБахьрайнан динар (BHD, код 48)
Интернет-домен.bh
Код ISOBH
Код МОКBRN
Телефонан код+973
Сахьтан аса+3
Автомобилийн некъашаьтту агӀора
Викилармин логотипВикиларми чохь медиафайлаш

Бахьрайн (Ӏаьр.البحرين‎‎), официалан —Бахьрайнан пачхьалкх[1] (Ӏаьр.مملكة البحرين‎‎,Мамлакатул-Бахьрайн[3]) — изаКъилба-Малхбузан АзинГӀажарийн айманера Бахьрайн цIе йолчу архипелаг тIерагIайренан пачхьалкх йу. Бахьрайно дIалоцу кхоъ дикка доккха а, шортта кегийра а гIайренаш,СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан бердашна 16км малхбалехьа, оцу махкаца уьйр йуавтомобилан тIайн тIехула.

Паччахьаллин махкахьМанаман гергарчу Джуффэйрехь дIатарйинаАЦШнПхиалгIачу флотан коьрта оперативан база.

Истори

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Коьрта йаззам:Бахьрайнан истори

Вайн эрал III эзар шо хьалха оцу мехкан латта тӀехь йаьржинера, шайн чӀагӀйина нах беха меттигаш а йолу, кхиина цивилизаци. Шира пачхьалкхан цӀеДильмун хилла, иза йара йоккха хӀордан махлелоран центр, цигашхула зӀенаш латтайора шумераш а, кхечу Шина хин йукъан къаьмнаш а ХӀиндан тогӀенан къаьмнашца.

Дипломатин йукъаметтигаш йуРоссийн Федерацица (хӀиттийнаССРСца 29.09.1990).

Дика хьоьгучеран некрополь

[бӀаьра нисйан |нисйан]
Энки «дела» — шира мухаран тача

Ширачу заманахь дуьйна гӀайре гӀарадаьлла хазаллийца а, меттигера жовхарийн дикаллийца а, цуьнан бехк хета бердашца долчу хинан башха хьал[5]. Бахьрайнан жовхарш кхиаран процесс дӀайодара дуьра а, теза а хиш иэлучу хьолашкахь. Хин буха оьхучара дӀабиллина тамашийна Ӏаламан хиламо — ГӀажарийн айман бух тӀиера Ӏаламан теза хьосташ довлар — цӀе йелла гӀайренна, «ши хӀорд вовшахкхета меттиг» (маджму Ӏу-ль-Бахьрайн) аьлла, мифологехь а.Угаритийн «дела»Илу Ӏа меттиг хилла «шина эркан хикхоче»[6]. Шумерийн «делийн» коьртачех цхьаъ хиллаЭнки, хьекъалан а, латан тӀиера, бухара хин а дела, вуьллуш хилла паччахьан кепара, шина белаш тӀиера чохь чӀерий долу, хи охьаоьху стеган суртаца[7].

ДӀабоьхкинарш бохку меттиган схема

Археологашна карийна, шифр дӀайаьккхина тексташа гойту, Бахьрайн гӀайре Шумеран шира бахархоша лоруш хилла йеза меттиг санна, «беллачеран синош эхартан беркат схьаоьцу меттиг», ткъа цигахь дӀаволларан бакъо «лорура дерриг дахарехь делан муьтӀахь хиларна делла даккхийчу совгӀатех цхьаъ»[8].

М. Б. Пиотровскийс йаздина[9]: «Бахьрайнан мистикан маьӀна гуттаренна долчу дахарца башха уьйр йолу меттиг санна, го, масала, дӀаволларан меттиг санна иза нахана оьшуш хиларна».

Бахьрайнан динан-историн тӀаьхьенан иэс йу йисина шира некрополаш, цара дӀалоцу шуьйра аренаш гӀайренан къилбаседа декъехь. Уьш йар талламхоша дӀахьо вайн эрал деалгӀа а, кхоалгӀа эзар шо хьалхе. ДӀабоьхкинчеран барам, царна йукъахь йерриг Шумерера гӀарабевлла нах, тӀемалой, багарбо бӀе эзарнашкахь. Талламхошна хетарехь, наггахь кешнаш хьалххе заказ деш хилла, хӀунда аьлчи цхьадерш царех деса дисина.Баьрзнаш хийцало барамашца. Уггаре хьалхарниш царех овалан кепара хилла, локхалла 1,5 м гергга. ТӀулгийн камерехь лахьта доккхуш хилла дӀаволларан гӀирс чубуьллуш. «Элийн» кешнаш чохь ши лахьта деш хилла, цхьаъ вукханна тӀехула, тӀулгаца къовлуш хилла. Ерриг гӀишлона гуо беш хилла тӀулган пенаца. Пенан а, лахьтан а йукъ, тӀехуле йузуш хилла тӀоца. Иштта барз 15 метре кхочуш хилла.

Бахьрайн тӀехь дӀабохкаран ламаст дисира эллинизман муьрехь а. ТӀаьххьарниг царех терахь тоьхна йу вайн эрал хьалхарчу бӀешерашца[10].Кешнийн дакъа дайна ца Ӏа Ӏаламан эрозии бахьнехь, иза дайна 1950-гӀа шерашкахь деса лаьттанаш лелодахар а, гӀалийн меттигаш кхиор а бахьнехь.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
  1. 12Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред.Г. В. Поздняк. —М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 14. —ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). —ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
  2. Human Development Report 2013 (инг.). United Nations Development Programme (2013). Архивйина 2013 шеран 13 августехь
  3. Цитатийн гӀалат:<ref> тег нийса йац; кхуа тIетовжаран текст йазйина йац
  4. "«Арабская весна» наступает в Бахрейне".Russia Today. 10 декабря 2012. ТӀекхачаран де:2017 ш. июнь.{{cite news}}:Проверьте значение даты:|accessdate= (справка)
  5. 5000 лет истории жемчужного промысла в Бахрейне (бил-боцу.).(ТӀе цакхочу хьажорг)
  6. Древневосточные корни ислама (бил-боцу.).Архивйина 2013-10-13 —Wayback Machine
  7. Афанасьева В. К. Гильгамеш и Энкиду — М.: Наука, 1979, 220 с., — сс. 73, 124
  8. Д. Рол. Генезис цивилизации — М.: Эксмо, 2002, 480 с.
  9. Пиотровский М. Б. Живая вода Бахрейна — /в кн.: Тилос. Путешествие в загробный мир — С.-Пб.: Изд-во Гос. Эрмитажа, 2012, с. 3
  10. Смерть в Тилосе: хорошо подготовленное путешествие (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 7 ноябрь. Кху чуьра архивйинаоригиналан 2016 шеран 6 мартехьАрхивйина 2016-03-06 —Wayback Machine
Перейти к шаблону «Азин пачхьалкхаш»

Азербайджан¹ ·Эрмалойчоь ·ОвхӀан ·Бангладеш ·Бахьрайн ·Бруней ·Бутан ·Малхбален Тимор ·Вьетнам ·Гуьржийчоь¹ ·Мисар² ·Исраил ·ХӀинди ·ХӀиндонези ³ ·Урдан ·Ӏиракъ ·Иран ·Йемен² ·Кхазакхстан ¹ ·Камбоджа ·КъатӀар ·Кипр¹ ·ГӀиргӀазойчоь ·Цийн Халкъан Республика ·Корейн Халкъан-Демократин Республика ·Кувайт ·Лаос ·Ливан ·Малайзи ·Мальдиваш ·Монголи ·Мьянма ·Непал ·Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ ·Ӏоман ·Пакистан ·Росси4 ·СаӀудийн Ӏаьрбийчоь ·Сингапур ·Шема ·Таджикистан ·Таиланд ·Туркмени ·Туркойчоь4 ·Узбекистан ·Филиппинаш ·Шри-Ланка ·Къилба Корей ·Япон


Къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхаш:Республика Абхази ·Азад Кашмир ·Ва (пачхьалкх) ·Вазиристан ·Ӏиракъан Курдистан ·Тайвань ·Ломан Карабах ·Палестина (пачхьалкх)(Газа секторан а,Урдан хин малхбузен хийистан алатта ) ·Тамил-Илам ·Къилбаседа Кипран Туркойн Республика ·Шан Пачхьалкх ·Къилба ХӀирийчоь


Йозуш йолу мехкаш:Акротири а, Декелиа а ·ХӀиндин океан чуьра Британин мохк (арх. Чагос) ·Гонконг ·Аомынь (Макао)


¹ Цхьа дакъа Европехь йа йерриге Азехь,дозане хьаьжина. ² Кхин Африкехь. ³ Кхин Океанехь.4 Кхин Европехь.

ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?:
 ХӀокху кепе хьажар  Викихаамашкара элементе хьажа
  Тематикийн сайташ
Дошамаш а, энциклопедеш а
Библиографин каталогашкахь
Хьост — «https://ce.wikipedia.org/w/index.php?title=Бахьрайн&oldid=10383894»
Категори:
Къайлаха йолу категореш:

[8]ページ先頭

©2009-2025 Movatter.jp