Movatterモバイル変換


[0]ホーム

URL:


Чулацаман тӀегӀо
Википедимаьрша энциклопеди
Лахар

Ахьмадабад

23°02′ къ. ш. 72°37′ м. д.HGЯO
Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

АгӀонан версин статус

АгӀо теллина йац

ХӀокху агӀонан йацхьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин махца хоттийна болучу барамца.
ГӀала
Ахьмадабад
гудж.અમદાવાદ,инг. Ahmedabad
23°02′ къ. ш. 72°37′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх ХӀинди
ШтатГуджарат
МэрGautam Shah[1]
Истори а, географи а
Йиллина1411 шеран26 февраль
Дуьххьара хьахорXI бӀешарахь
Хьалхара цӀершАшавал (Ашапали)
Майда1300 км²
Центран локхалла53 м
Сахьтан асаUTC+5:30
Бахархой
Бахархой5 570 585 стаг (2011)
Луьсталла4285 стаг/км²
Агломераци6 352 254
Къаьмнийн хӀоттамгуджарати а, кхин а
Бахархойн цӀершахьмадаба́дхо, ахмадаба́дхой
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+91 79
Поштан индексаш3800xx
Автомобилан кодGJ-1

egovamc.com
Картин тӀехь
Ахьмадабад картан тӀехь
Ахьмадабад
Викилармин логотипВикиларми чохь медиафайлаш
ЮНЕСКОн байракхДерригдуьненан тӀаьхьалоЮНЕСКО, объект№ 1551
оьрс.англ.фр.

А́хьмадаба́д (гудж.અમદાવાદAmdāvād,инг. Ahmedabad,хӀиндиअहमदाबादAhmadābād) — ХӀиндин малхбузера,Гуджарат штатан уггаре йоккха гӀала, ХӀиндин уггаре йаккхийчу, бахархойн барам 5,8 миллион волу, пхеаннах цхьаъ, цуо кхуллу шен бахархошца ворхӀалгӀа гӀалин агломераци 6,3 миллион вахархочунца. ЛаьттаСабармати эркан бердашца 30 км гена штатан коьрта шахьарнаГандинагар гӀалин. Административан йукъ йуАхьмадабад гуонан.

1960 -1970 шерашкахь Ахьмадабад хилла коьрта шахьар Гуджарат штатан, цул тӀаьхьа коьрта шахьар хилла Гандинагар. ГӀалах наггахь олуКарнавати хьалха цигахь хиллачун сийна. ГӀала йиллина1411 шарахь,гуджаратан султанатийн коьрта шахьар хилла, цӀе тиллина цхьаьна султанан, Ахьмад-шахан сийна.

ГӀалахь къегина текстилан промышленность, иза бахьнехь цунах наггахь олу «Малхбален Манчестер». ГӀала хилла хьалха ХӀиндин маршонан къовсамехь, цигахь XX бӀешеран хьалхарчу декъехь хилла гражданийн ла ца догӀаран акцеш.

Гуджарат штат кхоллар бахьнехь, Ахьмадабад хийцаелла баннийн, четарийн гӀаланера Ӏилманан-дешаран, коммерцийн, оьздангаллин йукъ айаделлачу тӀекӀела цӀеношца, йохк-иэцаран йаккъашца.

Ахьмадабадан истори

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Археологин талламаш гойту, гӀалин махка нах XI бӀешарахь хевшина хилар, цигахь кхоллаеллаАшавал гӀала. Оццу хенахь, соланкийн Анхилваран урхалчо, Карандев I, аьттонца тӀом бирабхилийн паччахьан Ашавалан дуьхьала. Толам баьккхина дукха хан йалале, Каранвед I Ашавалан меттехь йиллира Карнавати гӀала, иза йара Сабармати эркан бердаш тӀехь хӀинцалерачу Ахьмадабадан меттехь. XIII бӀешарахь гӀала а, йерриг Гуджарат а карайахнаДелин султанатан Ӏедалан.

1411 шарахьМузаффаридгӀаоа кхоьллинаГуджаратан султанат. Ламастаца, шен кампани Сабармати эркан бердаш тӀехь дӀахьуш, султан Ахьмад Шахан гира, пхьагал жӀаьлин тӀехьайаьлла лелаш, оцуо дог айбина, султан сацам бира шен коьрта шахьар оцу меттигехь йилла. 1487 шарахь, Махьмуд Бегадас, Ахьмада Шахан кӀента кӀанта, гӀала чӀагӀйира арахьа 10 км пен боьттина 12 ков а, 189 бӀов а, 6000 бӀарол а йолуш. Ахьмадабад МузаффаридгӀеран Ӏедалан кӀелахь лаьттира1573 шо кхаччалц, оцу хенахь тӀаьххьара Гуджаратан султан, Музаффар II вуьйжира моголийн султанАкбар Сийлахьчуьнца хиллачу тӀамехь.

Сийлаллаш

[бӀаьра нисйан |нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
  1. http://www.dnaindia.com/ahmedabad/report-ahmedabad-mayor-okays-budget-city-to-get-pay-and-park-2585498

Хьажоргаш

[бӀаьра нисйан |нисйан]
ХӀиндин миллион бахархой болу гӀаланаш
ХӀиндин хӀост
ХӀиндин байракх
Хьост — «https://ce.wikipedia.org/w/index.php?title=Ахьмадабад&oldid=10106086»
Категореш:
Къайлаха йолу категореш:

[8]ページ先頭

©2009-2025 Movatter.jp